Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 1:33

[1] Хастам бу Везачу Элана! Хастамаш бе Шен дезачу цӀа чохь волчу Далла, хастамаш бе Шен ондачу стигалшкахь волчу Цунна.

[2] Хастамаш бе Цунна Цуьнан сийлахьчу гӀуллакхийн дуьхьа, хастамаш бе Цунна Цуьнан чӀогӀачу возаллин дуьхьа.

[3] Хастамаш бе Цунна турбин озаца, хастамаш бе Цунна тайп-тайпанчу мерз-пондаршца.

[4] Хастамаш бе Цунна жиргӀанашца а, хелхаршца а, хастамаш бе Цунна дечиг-пондаршца а, шедагашца а.

[5] Хастамаш бе Цунна шина а куьйгаца тӀедетташ долчу негӀаршца, хастамаш бе Цунна зевнечу цӀастанан негӀаршца.

[6] Хаставойла Веза Эла садаӀар мел долчу хӀумано. Хастам бу Везачу Элана!

Забур — Chapters