Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 5:58

[1] Со тешара, Аса аьллехь а: «Со чӀогӀа дог доьхна ву».

[2] ТӀех сиха ас элира: «Муьлхха а стаг харцлуьйш ву».

[3] ХӀун юхалур ю ас Везачу Элана Цо суна мел динчу диканна дуьхьал?

[4] Со кӀелхьарваьлла хилар дага а лоцуш, Ас чагӀаран кад хьалаойур бу, доӀанца со Везачу Эле кхойкхур а ву.

[5] Ас кхочушдийр ду сайн нигаташ Везачу Элана дерриг а Цуьнан халкъана хьалха.

[6] Мехала ду Везачу Элан бӀаьргашна хьалха Цуьнан долахь болчех цхьаъ валар!

[7] Ва Веза Эла! Со Хьан лай ву, со Хьан гӀарбаш йолчун кӀант ву. Ахьа паргӀатваьккхина со сайн буржалех.

[8] Ас баркаллин сагӀа Хьуна доккхур ду, иштта доӀанца Везачу Эле кхойкхур ву.

[9] Ас кхочушдийр ду сайн нигаташ Везачу Элана а, дерриг а Цуьнан халкъана а хьалха,

[10] Везачу Элан цӀийнан керташкахь, хьуна юккъехь, ва Ярушалайм-гӀала! Везачу Элана бу хастам!

Забур — Chapters