Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 1:07

[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Дагалацийтаран доӀа.

[2] Ва Дела, со кӀелхьарваккха сихо ехьа. Веза Эла, суна гӀоьнна тӀеван сихлохьа.

[3] Сан синан хӀаллакьхилар лоьхурш эхь доьссина а, сийсазбаьхна а хуьлийла! Суна зулам хила луурш, юьхьӀаьржачу а хӀиттийна, юхаберзабойла!

[4] Со емал а веш, соьга: «Жолам-яӀ!» – бохурш, шаьш юьхьӀаьржачу хӀиттарна, боьхна хьийзийла.

[5] Хьо лоьхуш берш массо а Хьо бахьанехь хазахетта а, самукъадаьлла а хуьлийла! Шаьш Ахь кӀелхьардахар дезаш болчара саццаза: «Сийлахь ву Дела!» – олийла.

[6] Со-м къен а, миска а ву. Дела, суна тӀе кхача сихлохьа! Хьо ву суна гӀо дийриг а, со паргӀатвоккхург а. Веза Эла, хье ма лохьа!

Забур — Chapters