[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тӀаьхьенан назма. ХӀара йиш «Ӏаламут» олучу мукъамехь ала езаш ю.
[2] Дела – вайн дӀалочкъийла а ю, вайн ницкъ а бу, вай де доьхна хьаьвзича, гуттар а кийча волу гӀоьнча а ву.
[3] Цундела вай кхералур дац, ур-атталла латта дегийча а, лаьмнаш хӀордаш чу дахча а,
[4] тулгӀенаша гӀовгӀа яьккхича а, хӀордийн хиш ловзадевлча а, шаьш меттахдахарна лаьмнаш дегийча а.
[5] Цхьа татол ду Делан гӀалин самукъадоккхуш. Веза Воккха Дела Ӏаш волу еза меттиг ю цигахь.
[6] Дела цу меттигна юккъехь ву, иза юхур яц. Сатосучу хенахь дуьйна Дала цунна гӀо дийр ду.
[7] Халкъаш дарделла, пачхьалкхаш меттахъевлла. Дала Шен аз хазийти, ткъа латта дешна дӀадели.
[8] Массо а ницкъийн Веза Эла вайца ву. Якъубан Дела вай лардаран гӀап ю.
[9] Схьа а дуьйлий, хьовсийша Везачу Эло мел дечуьнга, лаьттахь Цо кхочуш мел дечу инзаре гӀуллакхашка.
[10] Дуьненан йисте кхаччалц Цо тӀемаш а совцабо, секхаӀад а дохадо, гоьмукъ а кагбо, Цо турсаш а цӀергахь дагадо.
[11] ДӀа а совций, Со Дела вуйла хаийша. Халкъаша а лакхавоккхур ву Со, лаьтта тӀехь а лакхавоккхур ву Со.
[12] Массо а ницкъийн Веза Эла вайца ву. Якъубан Дела вай лардаран гӀап ю.