[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Бертан лили» олучу мукъамехь ала езаш ю. Асайпан назма.
[2] Исраилан халкъан Ӏу, ладогӀахьа! Юсупан тӀаьхье, жа санна, дӀадуьгуш верг, каруб-маликашна тӀехула йолчу Ӏаршана тӀехь хиъна Ӏаш верг, Хьуо гайтахьа
[3] Эпраймана а, Бен-Яманна а, Маннашана а хьалха. Схьагайтахьа Хьайн ницкъ, тхо кӀелхьардаха волахьа.
[4] Дела! ЮхаметтахӀиттадехьа тхо. Хьайн юьхь тӀера серло тхуна лепийтахьа, тӀаккха тхо кӀелхьардаьхна хир дара.
[5] Ва массо а ницкъийн Веза Дела! Хьан халкъо деш долчу доӀанашна оьгӀаз а вахана, мел Ӏийр ву те Хьо?
[6] Ахьа Хьайн халкъана бӀаьрхих дуьзна бепиг даийна, дуккха а бӀаьрхиш а малийна Ахьа цунна.
[7] Уллора къаьмнаш тхоьца эгӀийра Ахь, тхан мостагӀий тхох кхаьрдаш бу.
[8] Массо а ницкъийн Дела! ЮхаметтахӀиттадехьа тхо. Хьайн юьхь тӀера серло тхуна лепийтахьа, тӀаккха тхо кӀелхьардаьхна хир дара.
[9] Ахьа Мисар-махкара кемсийн таьлланг схьаеара, халкъаш дӀа а лаьхкина, и таьлланг дӀаюьйгӀира Ахьа.
[10] Цуьнан дуьхьа меттиг дӀацӀанйина Ахьа, ткъа цо шен орамаш охьадахийтира, иштта латта хьаладуьзира.
[11] Лаьмнаш цуьнан ӀиндагӀо дӀахьулдира, цуьнан гаьннаша сийлахь баганан-дитташ кхелира.
[12] Цу таьлланго шен гаьннаш Дуьненаюккъерачу хӀордана тӀе кхаччалц дӀадахийтина, иштта шен синтарш а Эпрат-хина тӀе кхаччалц дӀадахийтина.
[13] ХӀунда яьккхина Ахьа цу кемсийн бешана гонахара керт дӀа? ХӀинца цигахула тӀех мел волучо а цуьнан стоьмаш схьадоху.
[14] Неларчаша а йохайо иза, аренгарчу акхароша а иза йоу.
[15] Массо а ницкъийн Дела! Схьаверзахьа! Стигалара схьахьажахьа, тидам бехьа! ХӀокху кемсийн бешан гӀайгӀа бехьа!
[16] Хьайн аьтто куьйго дӀадийначун гӀайгӀа бехьа, Ахьа Хьайн дуьхьа чӀагӀдина долу синтаран а гӀайгӀа бехьа.
[17] МостагӀаша иза, каг а дина, цӀарца дагийна. ОьгӀазечу юьхьца цаьрга хьажахьа, уьш хӀаллакбехьа.
[18] Хьайн куьг, Дела, Хьайна аьтту агӀор волчу стагана тӀе диллахьа, Айхьа ницкъ болуш хилийтинчу адаман кӀантана тӀе диллахьа Хьайн куьг.
[19] ТӀаккха тхо Хьох дӀадоьрзур дац. Тхо дендехьа, тӀаккха Хьоьга кхойкхуш хир ду тхо.
[20] Массо а ницкъийн Веза Дела! ЮхаметтахӀиттадехьа тхо. Хьайн юьхь тӀера серло тхуна лепийтахьа, тӀаккха тхо кӀелхьардаьхна хир дара.