Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 3:08

[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Шушаним» олучу мукъамехь ала езаш ю. Кхорахьан тӀаьхьенан йолу хьехаме назма. Безаман йиш.

[2] Сан дага чуьра хаза дешнаш арадуьйлу, сайн аяташ аса паччахьна лерина доху, сан мотт говзачу йозанчин къолам бу.

[3] Адамашна юкъара уггар исбаьхьаниг ву хьо. Къамел дарна говза а ву хьо, цундела Дала абаденналц декъалвина хьо.

[4] ГӀодаюкъах дехка, ва турпалхо, хьайн тур, хьайн паччахьан сий а, исбаьхьалла а долу.

[5] Хьайн хазаллица говр хахкахьа, толам а боккхуш, билггал бакъдолчун а, кӀедачу нийсонан а дуьхьа, хьан аьтту куьйго хьуна инзаре хӀуманаш гайтийтархьама.

[6] Хьан ира пхерчий паччахьан мостагӀийн дегнех чекхдовлийла. Хьан когашна хьалха халкъаш охьаэгийла.

[7] Дала делла хьан паччахьалла абаденналц лаьтта, ткъа хьан паччахьалла нийсонан паччахьалла ду.

[8] Нийсо а езаш, харцо ца еза хьуна, цундела Дала къобалвина хьо, хьан Дала хьан накъосташна чул а хьуна алссам хазахетар делла.

[9] Хаза хьожа йогӀу деза даьтта а, сарап а, кассия а хьан ерриг а тӀеюхучу бедаршна тӀехь ю. Пийлан кӀомсарех хаздинчу паччахьан цӀеношна тӀера мерз-пондарийн мукъамаша хьан самукъадоккху.

[10] Хьан долахь болу паччахьийн йоӀарий лараме болчу зударшна юкъахь бу хьан. Апар-махкара шена тӀехь деши а долуш, нускал ду хьуна аьтту агӀор дӀахӀоьттина.

[11] ЛадогӀалахь, йоӀ, схьахьажалахь, хьайн лерг а схьадерзаделахь, хьайн халкъ а дицделахь, хьайн ден цӀа а дицделахь.

[12] Паччахьна хьан хазалла езалур ю. Иза хьан олахо волу дела, хьо Цунна хьалха охьатаӀалахь.

[13] Цора-гӀалара бахархоша совгӀаташ дахьар ду, къоман хьалдолчара хьо шайна резахилар лоьхур ду.

[14] Паччахьан нускал паччахьан цӀа чу доьду. Ма хаза ду иза! Цуьнан духар дешица кечдина ду

[15] Тир яьккхина духар тӀехь а долуш, иза паччахьна хьалха юьгу. Нускална юххебовлу йоӀарий а цунна тӀе балабо.

[16] Самукъадаларца а, баккхийберца а паччахьан цӀа чу бовлу уьш.

[17] Хьан дайн метта хьан кӀентий дӀахӀуьттур бу, ва паччахь. Дерриг а лаьтта тӀехь, элий а бина, дӀахӀиттор бу ахьа уьш.

[18] Массо а тӀейогӀучу тӀаьхьенашкахь хьан цӀе аса дагаоьхуьйтур ю. Цундела халкъаша абаденналц хьан сий дийр ду.

Забур — Chapters