[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «ХӀаллак ма ве со» олучу мукъамехь лакха езаш ю. И назма Дауда язйина ю.
[2] Нийсо билггал кхайкхайой те аша, куьйгалхой? ЦӀеначу дегнашца йой теша аша адамашна юкъахь кхел?
[3] Дегнаш чохь харцонаш кхуллу аша. Шайн куьйгийн къизалла махкахь узу аша.
[4] Дуьнен чу бовллушехь, нийсачу некъана тӀера дӀабевлла Ӏесанаш. Харцдерг а дуьйцуш, ненан кийрара схьабовллушехь, тилабелла уьш.
[5] Церан дӀовш лаьхьанан дӀовш санна ду. Иза шен лергаш дӀакъовлуш болчу, къорачу лаьхьанан дӀовш санна ду.
[6] Царна ца хеза лаьхьа тебечун аз, молханаш лелош верг мел говза велахь а.
[7] Дела! Церан багара цергаш кегъехьа! Веза Эла! Цу лоьмийн мочхалш атахьа!
[8] ДӀадоьду хи санна, уьш тӀепаза дӀабойийла. Шайн Ӏад цара дуьйлича, пхерчий кегделча санна хуьлийла.
[9] ДӀайоьддушехь, ешна дӀайолу этмаьӀиг санна, дӀабовлийла уьш. Остаяьллачу зудчун берана санна, царна малх ма гойла.
[10] Ешна кӀел йогучу коьллех цӀе латале, ховха я екъа уьш елахь, йилбазмохо дӀасаяржийна коьллаш санна уьш хуьлийла.
[11] Бина бекхам шена гича, Делан лаамехь волчунна хазахетар хир ду. Цо Ӏесачун цӀийлахь шен когаш буьлур бу.
[12] ТӀаккха адамо эр ду: «Билггал хуьлу Делан лаамехь волчунна стом! Иштта, волуш ву дуьнен чохь кхел еш волу Дела!»