[1] Везачу Элана бу хастам! qac Аqac* лсам декъала ву Везачу Элана хьалха ларамах вуьзна верг, баккъалла а Цуьнан парзаш кхочушдарх дезар оьцуш верг.
[2] qac Вqac* уно ницкъ болуш хир ду цуьнан бераш шайн махкахь. Гуттар декъалйина хир ю дог цӀена йолу цуьнан тӀаьхье.
[3] qac Дqac* у цуьнан хӀусамехь хьал, иштта шорто а хир ю, ерриг а ханна цуьнан нийсо дагалоцуш а хир ю.
[4] qac Зqac* Ӏенарша боданехь а серло ло догцӀена болчарна а, иштта дика а, къинхетаме а, нийса а болчарна а.
[5] qac Кqac* омаьршаллица ахча юхалург луш волчунна дика хир ду, ларамца хьанал гӀуллакхаш лелош верг ирсе хир ву.
[6] qac Мqac* еттахваккхалур вац иштта волу стаг цкъа а. Нийса лелаш верг даим а дагахь лаьттар ву.
[7] qac Оqac* рца доккхуш болчу вочу кхаьънех иза кхоьрур вац. Пайда эцарца Везачу Элах а тешаш, цуьнан дог чӀагӀлур ду.
[8] qac Рqac* еза хиларца а, кхерам боцуш а, цуьнан дог чӀогӀа лаьттар ду, са шен кӀелхьар а даьккхина, эшийначу мостагӀашка хьоьжур ву.
[9] qac Тqac* оам боллуш дӀало цо мискачу нахана, ур-атталла абаденналц а лаьтта цуьнан нийсо. ХӀуттур бу цуьнан ницкъ сийлаллица.
[10] qac Цqac* у суьрте хьоьжуш волу Ӏесаниг оьгӀазгӀур ву, шен цергаш а хьекхош, иза къайлавер ма ву. Ӏесачеран лаамаш хӀаллакьхир бу.