Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 1:33

[1] Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Ас сайн бӀаьргаш лаьмнаш долчу дӀахьажабо, сайна гӀо стенгара схьакхочур ду а хоьттуш.

[2] ГӀо Везачу Элера хир ду суна, стигал а, латта а кхоьллина волчу.

[3] Хьан ког тасаболуьйтур а бац Цо, сема а хир ву хьо ларвеш Верг.

[4] Сема а ву, вижина а вац Исраилан халкъ лардеш Верг.

[5] Веза Эла хьо ларвеш Верг ву. Веза Эла хьан аьтту куьг долчу агӀонгахь долу ӀиндагӀ ду.

[6] Я дийнахь кхеттачу малхо а, я буса кхеттачу батто а хьуна цатам бийр бац.

[7] Везачу Эло массо а бохамах ларвийр ву хьо, хьан са лардийр ду Везачу Эло.

[8] Хьо воьдуш-вогӀуш массанхьа а Везачу Эло ларвийр ву хьо хӀинца дуьйна абаденналц.

Забур — Chapters