Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 3:09

[1] Хастам бу Везачу Элана! Сан са, хаставе Веза Эла.

[2] Со мел веха, Везачу Элана иллеш эр ду ас, иштта сайн Далла хастамаш беш а хир ву со, айса хан мел йоккху.

[3] Элех теший ма Ӏелаш, адамах бӀобулий ма хилалаш, хьо кӀелхьарваккха йиш ма яц церан.

[4] Шена чуьра са дӀадаьлча, стаг лаьтте воьрзу. Цу дийнахь цуьнан дог-ойланаш а дӀайовлу.

[5] Ирс долуш ву шен гӀоьнча Якъубан Дела верг, шен Везачу Делах бӀобулуш верг.

[6] Цу Дала кхоьллина стигал а, латта а, хӀорд а, царна чохь мел дерг а. Цо гуттар а ларбо тешам,

[7] халахетар хиллачарна гӀо до, мецачарна кхача ло. Везачу Эло тутмакхаш мукъабоху,

[8] Везачу Эло бӀаьрзечарна са гойту, Везачу Эло дахаран халонаша охьатаӀийнарш дӀанисбо, Везачу Элана Делан лаамехь берш беза.

[9] Везачу Эло тӀебаьхкина нах Ӏалашбо, буона а, йисна Ӏачунна а гӀо до, харцо лелош болчеран некъ бухахьабоккху.

[10] Веза Эла гуттар а паччахьалла деш хир ву, хьан Дела, ва Цийон, тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашкахь Паччахь хир ву. Везачу Элана хастам бе.

Забур — Chapters