Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 0:39

[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Ядутуне. Даудан назма.

[2] Сан синан синтем Делаца бен ца хуьлу. Сан кӀелхьарвалар Цуьнгара ду.

[3] Иза цхьаъ ю сан тарх а, сан кӀелхьарвалар а. Иза ю сан гӀап, со кхин меттахвер вац.

[4] Мел бийр бу те аша стагана ницкъ? Шу дерриш а иза хӀаллакван гӀерта. Иза сеттина пен санна ву, охьаяха гергга йолу йоьхна керт санна ву.

[5] Иза лаккхара охьатаса дагадеана царна, харцдерг дуьйцу цара. Багахь иза декъалво, ткъа дегнаш чохь цунна неӀалташ кхайкхадо цара.

[6] Сан са, Делера цхьаьнгара леха хьайна синтем! Сан дегайовхо Иза бен яц.

[7] Иза цхьаъ ю сан тарх а, сан кӀелхьарвалар а. Иза ю сан гӀап, со кхин меттахвер вац.

[8] Сан кӀелхьарвалар Делах дозуш ду, сан сий а Цунах дозуш ду. Сан нуьцкъала тарх а Иза ю, суна дӀалачкъа меттиг а Иза ю.

[9] Халкъ! Муьлххачу хенахь а Цунах тешна хила. Шайн дегнаш Цунна хьалха делхаде. Дела ву вайна дӀалачкъа меттиг.

[10] КӀезиг берш доӀу са бен бац. ЦӀеяхна берш хӀумма а доцург бен бац. Терзанна тӀедехкича, церан барам бац. Уьш доӀучу синан барамехь бен дац.

[11] ГӀело еш даьккхинчух тешна а ма Ӏе, шаьш лачкъийна даьккхинчух дозаллаш а ма де. Хьал алсамдуьйлуш делахь а, шайн дегнаш цунна дӀа а ма ло.

[12] Кест-кеста Дала олура, ткъа суна иза дукхазза а хезара: ницкъ а, ва Дела, Хьоьгахь бу,

[13] безам а, Хьалдолу Эла, Хьан бу. Ша-ша динчу гӀуллакхашка хьаьжжина, Хьо хӀоранна а доггӀург дӀалуш ву.

Забур — Chapters