Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:56

[1] Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу Даудан назма. Олийла Исраилан халкъо: «Нагахь Веза Эла вайца ца хиллехь,

[2] мостагӀий тӀелеттачу хенахь, Иза вайца ца хиллехь, хӀун хилла хир дара те вайх?

[3] Шаьш дарбеллачу хенахь мостагӀаша вай дийна доллушехь дӀакхоллур дара-кх.

[4] Дистина тӀедогӀучу хино санна, бухадохуьйтур дара-кх цара вай.

[5] Карзахдаьлла долчу хино санна, бухадохуьйтур дара-кх цара вай».

[6] Декъала ву вай мостагӀашка хӀаллак ца дайтина волу Веза Эла!

[7] РечӀанах кӀелхьардовлу олхазарш санна, кӀелхьардевлла вайн синош. И речӀа хада а еш, вай дӀасадевдда.

[8] Везачу Элера ду вайна гӀо – Иза стигалш а, латта а Кхоьллинарг ма ву.

Забур — Chapters