[1] Эшарш локхучу тобанан хьаькаме: Даудан назма. Ас хастамаш беш волу Дела, вист ца хуьлуш ма Ӏахьара Хьо,
[2] хӀунда аьлча харцболу, ямарта нах соьга мотт бетташ, бистхуьлу, цара сох лаьцна бакъ доцурш а дуьйцу.
[3] Цабезаман дешнашца цара го бина суна, цхьа а бахьана а доцуш, суна дуьхьалбевлла уьш.
[4] Сан шайга болчу безамна дуьхьал цара со харцахьа бехкево, ткъа аса царна тӀера доӀанаш до.
[5] Берриг а сан безамна дуьхьал цара вон доккху, сан шайца долчу доттагӀаллина дуьхьал цабезам а боккху.
[6] МостагӀчунна дуьхьалвала Ӏесаниг къобалвехьа, цуьнан аьтту агӀор бехкевийриг дӀахӀоттавехьа.
[7] Кхел хадаечу хенахь цунна кхел йойла, цуьнан доӀанаш а къилахь хетийла.
[8] Цуьнан дисина денош кӀезиг хуьлийла, болх бечохь цуьнан меттиг кхечо дӀалоцийла.
[9] Цуьнан бераш байлахь дуьсийла, цуьнан зуда а йисина лоьлийла.
[10] Цуьнан берех кхерсташ лела сагӀадоьхурш хуьлийла, шайн йохийначу хӀусамашна арахь а болуш, уьш кхача лоьхуш лоьлийла.
[11] Цуьнан долахь мел долу хӀума иза декхарийлахь волчо дӀалоцийла, цуьнан бахам хийрачеран кара а гӀойла.
[12] Цхьа а цуьнца дика ма хуьлийла, цуьнан байлахь дисинчу берех цхьаммо а къинхетам ма бойла.
[13] Цуьнан тӀаьхье а хӀаллакьхуьлийла, шолгӀачу тӀаьхьенахь хӀу хедийла цуьнан.
[14] Цуьнан ден къинош Везачу Элана дагахь лоттийла, цуьнан ненан къа цкъа а дӀа ма доккхийла.
[15] Церан къинош массо а хенахь Везачу Элана хьалха лаьттийла, царах-шайх болу дагалецамаш Цо дуьнен чуьра дӀабохийла.
[16] Оцу стеган дагахь кхечуьнца дика хилар цкъа а ца хилла, мелхо а, пекъаршна а, къечарна а, дог доьхначарна а иза тӀаьхьаваьлла, уьш хӀаллакбархьама.
[17] Цунна неӀалташ кхайкхо лаьара, цундела уьш цунна юхадоьрзийла, цунна нах декъалбар ца дезара, цундела иза а декъал ма войла.
[18] Цо и неӀалташ, бедар санна, кест-кестта тӀедухура, хӀинца, хи санна, цуьнан кийра уьш кхочийла, даьтта санна, цуьнан даьӀахкашка кхочийла.
[19] Цу неӀалташа, обано санна, верриг а дӀахьулвойла, уьш даим цо шена дӀадоьхку доьхка санна а хуьлийла.
[20] И дерриг а Везачу Элан бекхам хилла дӀахӀуттийла со бехкевечарна а, сох лаьцна вониг дуьйцучарна а!
[21] Амма Хьо, сан Хьалдолу Эла, Хьайн цӀеран дуьхьа соьца лелахьа, Хьайн хедар боцу безам дика хиларна, со кӀелхьарваккхахьа.
[22] Со гӀело хьоьгург а, пекъар а ма ву, сан кийрара дог а доьхна ду.
[23] Къайладолуш долу ӀиндагӀ санна, худавелла дӀаволуш ву со. ЦӀоз санна, дӀачехош ву со.
[24] Марха кхабарна сан голашкахь са а дац, сан дегӀ гӀел а делла, со аз а велла.
[25] Сох нах кхаьрдарг хилла, сох шайн бӀаьрг кхетташехь, цара кортош а лестадо.
[26] ГӀо дехьа суна, сан Веза Дела, Хьайн хедар боцучу безаме хьаьжжина, кӀелхьарваккхахьа со.
[27] Сан мостагӀашна иза Хьан куьйго динийла дӀахоийла, со кӀелхьарваьккхинарг Веза Эла волу Хьо хиллийла.
[28] Цара неӀалташ кхайкхадахь а, Ахьа со декъалвийр ву, уьш дуьхьалбовлахь а, шаьш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу, ткъа Хьан лай волу со воккхавеш хир ву.
[29] Со бехке бийраш юьхьӀаьржонца кхолийла, бедарш санна, цара эхь тӀедухийла.
[30] Ас мохь туххуш Везачу Элана хастамаш а бийр бу, дуккха а болчарна юкъахь Цунах лаьцна дуьйцур а ду.
[31] ХӀунда аьлча Иза гӀийлачарна аьтту агӀор тӀехӀутту, царна кхел йиначеран карара уьш кӀелхьарбахархьама.