Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 0:56

[1] Веза Эла паччахьалла деш ву: дуьне доккхадеш хуьлийла! ХӀордан йистехь мел дехаш долу къаьмнаш а сакъералуш хуьлийла!

[2] Цунна гонах мархаш а, Ӏаьржа бода а бу. Нийсо а, бакъдерг а Цуьнан Ӏаршан бух бу.

[3] Цунна хьалха цӀе йоьдуш а ю, ткъа Цунна гонах мел болу мостагӀий оцу цӀаро дӀакхоллуш а бу.

[4] Цуьнан стелахаьштиго дерриг а дуьне серладоккху. Хьежа а хьоьжуш, латта дегош ду.

[5] Лаьмнаш, балоз санна, дешаш ду Везачу Элана хьалха, дерриге а дуьненан Хьалдолчу Элана хьалха.

[6] Стигалша Цуьнан нийсо дӀакхайкхайо, массо а халкъашна Цуьнан сийлалла го.

[7] ЮьхьӀаьржачу хӀуьтту цӀушна Ӏибадат деш берш, эхьах бузуьйту харцделанех дозалла деш берш. Цунна хьалха суждане боьлху массо а деланаш.

[8] Цийон, иза хаза а хезна, йоккхаеш ю, ЯхӀуд-мехкан ярташ сакъералуш ю, Веза Эла, Ахь нийса кхелаш йина дела.

[9] Хьо, Веза Эла, дерриг а дуьнен тӀехь уггар лекханиг а ву, массо а деланел а кхоччуш лекха а ву.

[10] Веза Эла везаш дерш, ма дезийша вониг! Цо Шен долахь болчеран синош лар а до, Цо уьш Ӏесачеран карара схьа а боху.

[11] Цуьнан лаамехь болчарна тӀехь Делан нур лепа, догцӀена болчарна тӀе доккхадер дуссу.

[12] Сакъералуш хила, Делан лаамехь дерш, Везачу Эло шун дуьхьа мел динчунна! Цуьнан возалла дага а лоцуш, хила Цунна хастамаш беш!

Забур — Chapters