Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 0:56

[1] Везачу Элана бу хастам! qac Аqac* са вазвийр ву Веза Эла сайн доллучу даггара, баккъал догцӀена болчеран гуламна юкъахь.

[2] qac Вqac* езачу Эло мел дийриг ма сийлахь ду! ГӀуллакхаш Цуьнан царах воккхавеш мел волчо толлуш ду.

[3] qac Дqac* еза а, исбаьхьа а Цуьнан гӀуллакхаш ду, ерриг а Цуьнан нийсо гуттаренна а лаьтташ ю.

[4] qac Зqac* аманашкара Шен Ӏаламаташ дагалацийтира Цо. И Веза Эла дика а, къинхетаме а ма ву.

[5] qac Кqac* хобуш ву Иза Цунна хьалха ларамах буьзнарш. Лоруш ву Иза нахаца Ша бина барт абаденналц.

[6] qac Мqac* асех кхидолчу къаьмнийн латтанаш царна дӀа а делла, ницкъ Шен мел бу дӀагайтина Цо Шен къомана.

[7] qac Оqac* нда а, нийса а ду Цуьнан куьйгаша мел дийриг. Пайда эцарца теша мегар ду массо а Цуьнан тӀедехкинчарах.

[8] qac Рqac* ажехь чӀагӀдина ду и тӀедехкинарш массо а ханна, и сацамаш тешамца а, догцӀеналлица а тӀебехкина дела.

[9] qac Тqac* утмакхаш болчуьра паргӀатдаккхина Цо Шен халкъ, хӀоттийна Цо абаденналц Ша бина барт. Цуьнан цӀе еза а, ларамах бузуьйтуш а ю!

[10] qac Шqac* аьш хьекъалалле кхачийтархьама, нах уггар хьалха Везачу Эле ларамах буьзна хила беза. Эрна доцу дуьхьекхиар Цо тӀедехкинарш лардеш болчу массеран а хир ду. Ӏаббалц Цунна беш болу хастамаш абаденналц лаьттар бу.

Забур — Chapters