[1] Суна везаш ву Веза Эла, Цунна сан аз дӀахазарна а, сан орца даккхар дӀахазарна а.
[2] Шен лергаш Цо соьгахьа схьадерзийна дела, со дийна мел волчу хенахь, Цуьнга кхойкхуш хир ву.
[3] Ӏожаллин машшех со тасавелла, эхартан къемат суна уллодаьлла, сингаттамо а, сахьийзаро а со охьатаӀийна.
[4] ТӀаккха со Везачу Элан цӀе йоккхуш кхайкхира: «Веза Эла! КӀелхьардаккхахьа сан са!» – аьлла.
[5] Веза Эла дика а, нийса а ву, вайн Дела къинхетаме ву.
[6] ГӀо оьшуш берш Везачу Эло ларбо. Со холчу хӀоьттича, Цо со кӀелхьарваьккхира.
[7] Ва сан са, паргӀат хилахьа, Везачу Эло хьуна дика дина дела.
[8] Веза Эла, Ахьа сан са Ӏожаллех кӀелхьардаьккхина, сан бӀаьргаш – бӀаьрхих, сан когаш – ког тасабаларх.
[9] Дийна болчеран хӀокху дуьнен чохь Везачу Элана хьалха лелар ву со.