Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 0:53

[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: хӀара назма Даудан илли ду.

[2] Дуьхьалволийла Дела Шен мостагӀашна, хӀаллакьхуьлийла Цуьнан мостагӀий. ДӀауьдийла Далла хьалхара Иза цавезарш.

[3] Мохо дӀасабаржош болу кӀур санна, дӀасабаржабойла Ахьа уьш . ЦӀеро башош болу балоз санна, хӀаллакьхуьлийла Делан лаамехь боцурш .

[4] Ткъа Делан лаамехь берш самукъадаьлла хуьлийла. Далла хьалх дог айаделла а, баккхийбеш а хуьлийла уьш.

[5] Алалаш иллеш Далла! Алалаш иллеш Цуьнан цӀарна! Вазвелаш мархашкахь Лелаш верг! Цуьнан цӀе Веза Эла ма ю. Самукъане хуьлийла шу Цунна хьалх!

[6] Байлахь бисинчеран Да а волу, бисина Ӏачу зударшкахьа ГӀодоккхург а волу Дела ву Ша къастийна долчу Шен дезачу цӀа чохь.

[7] Цхьа бисинарш а Дала хӀусамаш чу дӀатарбо. Тутмакхаш а Дала буржалех паргӀатбоху. Ткъа Цунна муьтӀахь боцурш яьссачу екъачу арахь ма буьсу.

[8] Ва Дела! Хьо Хьайн халкъана хьалхаваьлла воьдучу хенахь, яьссачу арахь Хьо волавелла воьдучу хенахь,

[9] Латта а дегадора, стигалш а ешара, Синай-ламанан Далла хьалх, Исраилан халкъан Далла хьалх.

[10] Беркате догӀа доуьйтура Ахь, Дела, Хьайн долахь долу латта ницкъ боцуш дисича, иза юха а чӀагӀ а деш.

[11] Цу лаьттахь Хьан халкъ дехаш дӀахӀоьттира, Хьайн диканца мискачунна оьшург латтийра Ахь, Дела.

[12] Хьалдолу Эла хаам беш вистхилира, ткъа и хаам дӀасабаржош болу зударий дуккха а бара.

[13] «МостагӀчун эскарш а, паччахьаш а дӀасауьдуш ма бу». Ткъа цӀахь бисина зударий еана хӀонс йоькъуш ма бу:

[14] тӀемаш дети диллина а, месаш деши диллина а долу и кхокхий. (Шу, божарий, гӀотанаш юкъахь хиъна хӀунда дисина?)

[15] Нуьцкъалчу Дала кху лаьттахь паччахьаш дӀасабаржийча, Ӏаьржачу Цалмун-лам тӀе кӀайн ло диллича санна хеталора.

[16] Башан-лам – сийлахь лам ма бу! Дукха лекха баххьаш цунна тӀехь ма ду!

[17] ХӀунда хьоьжу шу хьегарца, ва лекха лаьмнаш, Дала Шен бу аьлла къастийначу ломе? Вехар ву Веза Эла цу лам тӀехь даим.

[18] Делан сийлахь гӀудалкхаш итт эзарал а алссам ю, эзарнаш а эзарнаш ю. Царна юккъера Веза Эла Синай-лома тӀера Шен дезачу цӀа чу воьссира.

[19] Хьо хьала ма велира цу ламанан боххье, йийсарехь болчарна хьалха а хӀуттуш. Адамашкара Ахьа, Веза Эла, совгӀаташ тӀеийцира, ур-атталла Хьо вехачу шахьарна дуьхьалбевллачийн карара а.

[20] Декъала ву Хьалдолу Эла, дахаран мохь денна а тхан метта лелош волу а, тхо кӀелхьардоху Дела волу а.

[21] Вайн Дела – кӀелхьардоху Дела ву. Хьалдолчу Элан карахь ду вайн Ӏожаллех довлар.

[22] Дала Ша эгор ду мостагӀийн кортош а, харцонаш лелочийн юькъа месаш йолу хьеш а.

[23] Везачу Эло ма аьлла: «Башанна тӀера мостагӀий Ас юхаберзор ма бу. ХӀорда бухара а Ас уьш схьабохур ма бу,

[24] хьан жӀаьлеша мостагӀийн цӀий чу шайн меттанаш Ӏиттийтархьама а, хьоьга хьан когаш церан цӀийла бахкийтархьама а».

[25] Гуш дара, Дела, Хьан сийлахь болар, сан паччахь волчу Делан Шен цӀа чу валар.

[26] Хьалхабевлла боьлху эшарш лоькхурш а, царна тӀаьхьахӀиттина богӀу зурманчаш а. Ткъа юкъарчу могӀарехь, вотанаш а етташ, мехкарий а ма бу.

[27] Декъалвелаш Дела тукхамийн гуламехь, вазвелаш Веза Эла, аша, Исраилан хӀух долчара.

[28] Хьалхадаьлла догӀу Бен-Яманан жима тайпа. ЯхӀудхойн элий а богӀу шайн йоккхачу тобанца. Забулхойн элий а бу напталхойн элашца.

[29] Ва Дела, омра дехьа Хьайн ницкъаца. Гайтахьа Хьайн ницкъ, Ахьа хьалха ма-гайттара,

[30] Ярушалаймехь долчу Хьайн цӀийнехь. Цу чу Хьуна лерина совгӀаташ дахьар ду паччахьаша.

[31] ДӀатедехьа Ахьа Мисаран халкъ, эрзана юкъарчу экханах тераниг, эсий санна долчу халкъашна юкъахь стерчийн бажа санна долу, шен долахь долчу деших тамаш бийриг. Цара, кортош охьа а таӀийна, Хьуна шайн дато гӀорзанаш йохьийла. ДӀасатийсахьа Ахь тӀом безаш долу халкъаш.

[32] Мисар-махкара богӀур бу векалш. Кхийдор ду Хьоьга, Дела, хушахоша шайн куьйгаш.

[33] Лаьттарчу пачхьалкхаша Далла ала иллеш. Вазве Хьалдолу Эла шайн иллешца!

[34] Вазве аш дуьне кхуллуш дуьйна стигалшкахь Леларг. Нуьцкъалчу озаца стигал къекъош къамел до Цо.

[35] Делан ницкъ хилар къобалделаш! Исраилан халкъана тӀехь ю Цуьнан возалла. Мархашна тӀехь ю Цуьнан нуьцкъалалла.

[36] Дела, кхераме ву Хьо Хьайн цӀа чуьра Хьо вогӀучу хенахь. Исраилан халкъан Дела! Ахь ло Хьайн халкъана ницкъ а, чӀагӀо а. Декъала ву Хьо, Дела!

Забур — Chapters