Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 0:55

[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.

[2] Ва Дела, ас латкъам бечу хенахь, сан аз дӀахазахьа, мостагӀчуьнгахьара суна болчу кхерамах сан дахар лардехьа.

[3] Вониг лелош болчеран ойланех а, зулам дечеран тобанех а со дӀахьулвехьа.

[4] Цара шайн меттанаш, тарраш санна, ирдо, ткъа шайн дешнаш, дӀаьвше пхерчий санна, тӀекхуьссу.

[5] Шайн кӀелонера цара и пхерчий бехке воцчунна тӀе кхуьссу. ХӀуманах а ца кхоьруш, цара цӀеххьана цунна тӀе уьш кхуьссу.

[6] Шайн зуламечу ойланашкахь цара вовшийн чӀагӀбо. «Иза-м хьанна гур бара?» – бохуш, шаьш кечбина гур къайлабаккха цара барт бо.

[7] Мекара ойланаш а еш, цара олу: «Говза хьесап дина оха». Адаман кийрахь а, дага чохь а дерг къайлаха ма ду!

[8] Амма Дала царна тӀе пхерчий кхуьссу. Уьш цӀеххьана дӀа а лоцур бу.

[9] Цара шайн меттанашца шаьш хӀаллакбийр бу. Уьш гуш мел волчо кхардамца кортош лестор ду.

[10] Массо а адам кхералур ду, цара Делан гӀуллакх кхайкхор ду, Цо динчух лаьцна ойланаш йийр ю.

[11] Делан лаамехь верг самукъадаьлла хир ву, ша Везачу Элаца цхьаьна хиларна. Цо Везачу Эле ша ларвойтур ву. ДогцӀена болчу массара а Цунна хастамаш бийр бу.

Забур — Chapters