[1] Делан стеган Мусан доӀа.
[2] Хьалдолу Эла! ТӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка тхо Ӏаш йолу меттиг ю Хьо.
[3] Лаьмнаш дуьнен чу довлале, дуьненан латта Ахьа кхоллале, азалера абаде кхаччалц Хьо ву Дела.
[4] Стагах юха а чан а йой, Ахь олу: «Юхадерза, адамаш!»
[5] Хьуна эзар шо селханлера де санна ду, буьйсанна ларйина хан санна ду.
[6] Ахь, дӀадаьлла гӀан санна, дӀахьо адамаш. Уьш Ӏуьйранна хьалаяьлла буц санна ду. Буц Ӏуьйранна, хаз а лой, сенло, ткъа сарахь, маргӀал а юлий, якъало.
[7] Хьан оьгӀазалло хӀаллакдо тхо, Хьан дераллах тхо кхоьру.
[8] Тхан къинош Хьайна хьалха дехкина Ахь, оха къайлаха динарг Хьайн нуьре даьккхина Ахь.
[9] Хьан оьгӀазалла тӀехь а йолуш, чекхдевлла тхан денош. Ӏаь санна, довш ду тхан шераш.
[10] Тхан шерийн денош кхузткъе итт шо ду, мелла а ондачийн – дезткъа шо, ткъа царах уггар а тоьлла хан къинхьегам а, гӀайгӀанаш а йолуш ю. Шераш сиха дӀа а довлий, тхо дӀадоьлху.
[11] Хьанна хаьа, Хьан оьгӀазалла мел нуьцкъала ю, Хьоьга кхоччуш болу ларам хиллал, Хьан дералла Хьанна евза?
[12] Тхайн дахаран денош лара Ӏамадехьа тхо, тхан дегнашна хьекъал довзийтархьама.
[13] ТӀеверзахьа, Веза Эла! Кхин мел лаьттар ю те Хьан оьгӀазалла? Къинхетам бехьа Хьайн лейх.
[14] ХӀора Ӏуьйранна Хьайн хедар боцучу безамах дузахьа тхо, тӀаккха кху лаьтта тӀехь йоккхучу хенахь самукъадаьлла а, даккхийдеш а хир дара тхо.
[15] Айхьа тхуна таӀзар динчу денойл а, тхуна халонаш гинчу шерел а дуьхьал самукъадаларан хан лохьа тхуна.
[16] Хьан лешна Хьан дика болх гойла, церан берашна Хьан сийлалла лепийла.
[17] Тхан Хьалдолчу Делан дика болх хуьлда тхуна. ГӀуллакхаш тӀехь тхан аьтто белахь, тхан гӀуллакхаш а аьтто болуш хилийталахь.