Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:27

[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: мерз-пондаршца лакха езаш ю. Асайпан назма.

[2] ЯхӀудан халкъана юкъахь Дела вевзаш ву, Цуьнан цӀе исраилхошна юкъахь лоруш ю.

[3] Цуьнан четар Шалейм-гӀалахь ду, Иза Ӏаш волу меттиг Цийон-лам тӀехь ю.

[4] Цигахь кегдина Цо стелахаьштиг санна долу пхерчий а, турсаш а, тарраш а, иштта берриг а тӀеман гӀирс а бохийна.

[5] Серлонехь а лепаш, Хьайн паччахьалла гойтуш ву, тӀехь ижу Ахь яьккхинчу лаьмнашкара Хьо вуссуш ву.

[6] Майра мостагӀий хӀонс яьккхина богӀу, Ӏожаллин наб кхетта уьш Ӏохкуш бу. Массо а оцу тӀемалошка шайн куьйгаш тӀом бан хьала ца айало.

[7] Хьан оьгӀазе аз дӀахезча, ва Якъубан Дела, говраш а, церан дошлой а, Ӏадийна, белла.

[8] Массо а нах Хьох кхоьруш латта беза, Дела. Хьуна хьалха мила латталур ву, Хьо оьгӀазвахча.

[9] Стигалара схьа кхел кхайкхийна Ахьа. Латта, кхераделла, дӀатийна,

[10] Хьо, Дела, кхел ян гӀаьттича, дуьнен тӀехь гӀело мел хьоьгург кӀелхьарваккхархьама.

[11] Бакъду, адамашна йолчу Хьан оьгӀазлоно Хьуна хастамаш бойтур бу. Хьайн дералла, духар санна, Ахь тӀеюхур ю.

[12] Шайн Везачу Далла хьалха чӀагӀонаш а е, уьш кхочуш а е. Гонах мел долчу къаьмнаша совгӀаташ дохьийла шаьш кхера Дезачунна.

[13] Цо элийн синош дохадо, лаьттара паччахьаш кхерабо.

Забур — Chapters