Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 1:33

[1] Схьадуьйла, Везачу Элана хастам бер вай, вайн кӀелхьардовларан Тархе даккхийдерца кхойкхур вай.

[2] Хастамаш барца Цунна хьалха хӀуьттур вай, даккхийдерца эшаршкахь Цуьнга кхойкхур вай.

[3] Веза Эла сийлахь Дела ву, Массо а деланашна тӀехь сийлахь Паччахь ву Иза.

[4] Лаьттан кӀоргалла а Цуьнан карахь ю, лаьмнийн баххьаш а Цуьнан ду.

[5] ХӀорд а Цуьнан бу, Цо иза кхоьллина дела, ткъа декъа латта Цуьнан куьйгаша дина ду.

[6] Дуьйло, Далла хьалха охьатаьӀар вай, вай кхоьллинчу Везачу Элана хьалха горахӀуьттур вай.

[7] ХӀунда аьлча Иза вайн Дела ву, Цо Ӏалашдеш долу халкъ ду вай, Цуьнан куьйга кӀел долу жа ду. Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь,

[8] «Дуьхьал ма дийлалаш, Мерибахь а, Массехь а санна а, зеран дийнахь яьссачу арахь санна а.

[9] Шун дайша Со зийра цигахь, Ас дина мел дерг шайна гиннашехь.

[10] Шовзткъа шарахь цу тӀаьхьенна оьгӀазъоьхуш Ӏийра Со. Ас элира: „Шайн дегнашкахь тиладелла халкъ ду иза, Сан новкъа ца баха уьш“.

[11] Цундела Сайн оьгӀазаллица Ас чӀагӀо йира, синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш аьлла».

Забур — Chapters