[1] Хастам бу Везачу Элана! Хаставейша Веза Эла стигалшкара, хаставейша Иза стигалан лакхенашкара.
[2] Хаставейша Иза Цуьнан дерриге а маликаша, хаставейша Иза Цуьнан дерриге а эскаро.
[3] Хаставейша Иза малхо а, батто а, хаставейша Иза дерриге а лепачу седарчаша а.
[4] Хаставейша Иза уггар лекхачу стигалша а, иштта хӀаваан тӀехула долчу хиша а.
[5] Хастайойла цара Везачу Элан цӀе, хӀунда аьлча Цо омра дира, ткъа уьш кхоллаелира.
[6] Абаденналц уьш дӀахӀиттийна Цо. Цкъа а дӀадовр доцу парз дина Цо.
[7] Хаставейша Веза Эла лаьттара хьала, хӀорда чуьра саьрмикаша а, хин массо а кӀоргенаша а,
[8] стелахаьштиго а, къорано а, лоно а, мархаша а, Цуьнан дош кхочушдеш болчу чехкачу мохо а,
[9] лаьмнаша а, массо гунаша а, массо стом луш долчу дитташа а, дерриге баганан дитташа а,
[10] акхароша а, муьлххачу даьхнино а, лаьттарчу текхаргаша а, тӀемаш долчу олхазарша а,
[11] лаьттарчу паччахьаша а, массо а къаьмнаша а, элаша а, лаьттарчу массо а тхьамданаша а,
[12] къонахоша а, йоӀарша а, баккхийчара а, бераша а.
[13] Хастайойла цара Везачу Элан цӀе, хӀунда аьлча Цуьнан цхьаннан цӀе ю хьалаяьккхина, Цуьнан сийлалла ю лаьттана а, стигалшна а тӀехула.
[14] Цо Шен халкъ, маӀа санна, нуьцкъала хилийтира, хастамаш бан бахьана хӀоттийра Шена тешаме мел болчарна – Шена уллора халкъ долчу исраилхошна. Хастам бу Везачу Элана!