[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.
[2] Веза Эла, кӀелхьарваккхахьа со вочу нахах, ницкъ бечу адамех ларвехьа со.
[3] Шайн дегнашкахь уьш вон ойланаш еш бу, дерриг а дийнахь уьш девнаш дохуш бу.
[4] Лаьхьанан мотт санна, ирбо цара шайн мотт. Лаьхьарчийн дӀовш ду церан багахь.
[5] Ларвехьа со, Веза Эла, Ӏесачу нехан куьйгах. Сан когаш тасабалийта гӀерташ болчу ницкъ бечарах Ӏалашвехьа со.
[6] Курачара суна гураш а, речӀанаш а хӀиттийна, новкъа тӀе бой а тесна цара, со лаца хӀуманаш охьаехкина.
[7] Ас олу Везачу Эле: «Хьо сан Дела ву! Веза Эла, дӀахазахьа сан доӀанаш!»
[8] Ва сан Хьалдолу Эла, сан кӀелхьарваларан ницкъ, тӀом бечу дийнахь сан корта Ахь Ӏалаш ма бина!
[9] Веза Эла, Ӏесачунна луург ма хилийтахьа, цуьнан вон ойланаш кхочуш ма хилийтахьа, уьш кура ца бовлийтархьама.
[10] Суна гонах болчеран коьрта тӀе дужийла церан багара долуш долу вониг.
[11] Догуш долу кӀегий оьгийла царна тӀе, цӀерга кхуьссийла уьш, кӀоргачу Ӏин чу оьгийла уьш, кхин хьала а ца бовлуш.
[12] Вон мотт берш махкахь чӀагӀбина ма хуьлийла. Ницкъ берш, бохам а бина, хӀаллакбина хуьлийла.
[13] Суна хаьа, Везачу Эло гӀело хьоьгучеран къовсам а къастор бу, пекъарна нийсо а хуьлуьйтур юйла.
[14] Хьан лаамехь болчара Хьан цӀе хастор ю, цӀена берш Хьуна хьалха бехаш хир бу.