[1] Асайпан назма.
[2] Дела! Вист ца хуьлуш ма висахьа, къора а, хӀумма а ца деш ма хилахьа, Дела.
[3] Хьажахьа, Хьан мостагӀий бу карзахбевлла, Хьо ца везачу цара шайн кортош хьалаайина.
[4] Хьан халкъана дуьхьал цара мекара ойланаш йо. Хьуна дукхабезаш болчарна дуьхьал а къайлаха барт бо.
[5] Цара олу: «Даха а гӀой, церан къам хӀаллакде вай, кхин цкъа а Исраилан халкъан цӀе дага ца яийтархьама».
[6] Берриш а вовшех дагабовлу, цара Хьуна дуьхьал барт бо:
[7] эдомхой а, исмаьӀалхой а, муабахой а, хӀагирхой а,
[8] гебалхой а, Ӏамминхой а, Ӏамалекхахой а, Цора-гӀаларчу бахархошца цхьаьна пӀелаштамхой а.
[9] Ашур-мохк а царна тӀаьхьахӀоьттина, ЛутӀин тӀаьхьенна гӀортор хилла, дӀахӀоьттина иза.
[10] Дехьа царна Айхьа маданхошна диннарг, Айхьа Къишун-хина уллохь Сисрина а, Ябинна а диннарг.
[11] Уьш Ӏейндарахь байинера, ткъа церан декъех лаьттан кхелли хиллера.
[12] Царна а, церан куьйгалхошна а Айхьа Ӏорабна а, Зиабна а диннарг дехьа, церан массо а элана а Айхьа Зебахьна а, ЦалманаӀна а диннарг дехьа,
[13] «Делан долахь долу латта вайн дола доккхур ду вай», – аьлла болчу.
[14] Сан Дела! Йилбазмохана дуьхьал нисъелла чан санна хуьлийла уьш, мохана дуьхьал нисделла ча санна а хуьлийла уьш.
[15] ЦӀаро ягош йолу хьун, алуно морцуш долу лаьмнаш санна,
[16] Хьайн дарцаца лахкахьа уьш, Хьайн йилбазмохаца кхерабехьа уьш.
[17] Уьш юьхьӀаьржачу хӀиттабехьа, Веза Эла, Хьайга кхайкхийтархьама.
[18] ЮьхьӀаьржачу а хӀиттина, боьхна лелийла уьш гуттар а, эхь а доьссина, хӀаллакьхуьлийла уьш.
[19] Шен цӀе Веза Эла йолуш волу Хьо бен Воцург, дерриге а лаьтта тӀехь Веза Воккханиг хилар дӀахоийла царна.