Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:56

[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.

[2] Холчу хӀоьттинчу дийнахь дӀахезийла хьо Везачу Элана, ларвойла хьо Якъубан Делан цӀаро.

[3] Цо гӀо доккхийла хьоьгахьа Шен цӀа чуьра, Цийон-лам тӀера хьо чӀагӀвойла Цо.

[4] Ахь сагӀина мел деанарг дагатосийла Цунна, ахь дийнаташ дагоран сагӀа даккхарх там хуьлийла Цунна.

[5] Кхочушбойла Везачу Эло хьан деган лаам а, ерриге хьан Ӏалашонаш а кхочушйойла Цо.

[6] Ахь толам баьккхича, тхуна хазахетар ду, тӀаккха вайн Делан дуьхьа вай байракх ойур ю. Кхочушдойла Везачу Эло хьан дерриг а дехарш.

[7] ХӀинца хиъна суна Везачу Эло Ша къобалвинарг кӀелхьарвоккхийла. Шен сийлаллин стигалшкара Цо жоп ло цунна Шен нуьцкъалчу кӀелхьарвоккхучу куьйгаца.

[8] Цхьаболчара гӀудалкхех, вукхара говрех, ткъа оха тхайн Везачу Делан цӀарах дозалла до.

[9] Уьш, мал а белла, ийгира, ткъа тхо, дӀа а хӀиттина, нисделира.

[10] Веза Эла! Паччахье толам баккхийтахьа, тхо дӀа а хазахьа, Хьайга орца дохучу хенахь.

Забур — Chapters