[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хьехам болу назма. Дечиг-пондарца ала езаш ю иза.
[2] Зипахоша, Шаулна тӀе а баьхкина: «Тхо долчохь къайла-м ца ваьлла те Дауд?» – аьллачу хенах лаьцна.
[3] Ва Дела! Хьайн цӀарца кӀелхьарваккхахьа со, Хьайн ницкъаца бехказаваккхахьа со.
[4] Ва Дела! Сан доӀа хазахьа, сан багара дешнашка ладогӀахьа.
[5] Хийра нах дуьхьалбевлла суна, нуьцкъалчара сан са лоьху. Цу нехан Дела вац.
[6] Дела сан гӀоьнча ву. Везачу Эло дог чӀагӀдо сан.
[7] Сан мостагӀаша дина зулам царна тӀе юхадерзадехьа, Хьо тешаме хиларна, хӀаллакбехьа уьш.
[8] Ас леррина сагӀа доккхур ду Хьуна, Хьан цӀе а хастор ю, Веза Эла, хӀунда аьлча иза дика ю.
[9] Ахь кӀелхьарваьккхи со берриг а баланех, сайн мостагӀашна тӀехь толам баккхар гина сан бӀаьргашна.