[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.
[2] Дауд Бат-ШабаӀах кхеттачул тӀаьхьа, иза волчу Ната-пайхамар веана хиларх лаьцна.
[3] Веза Дела, Хьайн хедар боцучу безамца гечдехьа суна. Хьайн боккхачу къинхетамца дӀадахахьа сан къинош.
[4] Хино дӀайоху модаш санна, дӀаяхахьа сан харцонаш, сан къинойх цӀанвехьа со.
[5] Сайн харцонашна къера ву со, айса латийна къа гуттар а суна хьалха ду.
[6] Хьуна хьалха, Хьуна цхьанна хьалха къа латийна ас, Хьан бӀаьргашна хьалха хьарамниг дина, цундела со бехке варехь Хьо нийса а ву, кхел ярехь цӀена а ву.
[7] Харцонца вара со дуьнен чу ваьлчхьана дуьйна, сайн ненан кийрара дуьйна къа ду аса схьадахьаш.
[8] Сан даг чохь бакъдерг хилар лууш ву Хьо, цундела сан коьрте хьекъал доуьйту Ахь.
[9] Ярийн курсаца цинцаш тохахьа суна тӀе, тӀаккха со цӀена хир ву, хих ваккхахьа со, тӀаккха лонал а кӀайн хир ву со.
[10] Хазахетар а, самукъадалар а хазийтахьа суна, тӀаккха Ахь кегйина даьӀахкаш самукъадаьлла хир ю сан.
[11] Сан къиношна тӀера дӀаверзий, сан харцонаш дӀаяхахьа.
[12] Суна чохь цӀена дог кхоллахьа, Дела, суна чуьра тешаме са карладаккхахьа.
[13] Хьайна хьалхара со дӀа ма ваккхахьа, Хьайн Деза Са соьгара дӀа ма даккхахьа.
[14] Ахь кӀелхьарваккхарна долу хазахетар юхалохьа суна, Хьуна муьтӀахь хила лууш долчу Синехь чӀагӀвехьа со.
[15] Нийсонца лелаш боцурш Хьан новкъа ас бохур бу, тӀаккха галбевлларш Хьуна тӀебоьрзур бу.
[16] Со кӀелхьарвоккху Дела, цхьаннан цӀий Ӏанорах ларвелахь со, тӀаккха ас Хьан нийсо хастор ю.
[17] Веза Эла! Схьаеллахьа сан бага, тӀаккха цо Хьуна хастам кхайкхор бу.
[18] Ас сагӀа доккхур дара Хьуна, амма Хьуна ца деза иза. Хьайна лерина дийнаташ дагорна а Хьо реза вац.
[19] Доьхна са – иза Далла луш долу сагӀа ду. Дохкодаьлла а, муьтӀахь долу а дог Ахь дӀатоттур дац, Дела.
[20] Хьайн лаамца къинхетам бехьа Цийон-гӀопах, Ярушалайман пенаш ирахӀиттадехьа.
[21] ТӀаккха Хьо реза хир ву бакъдолчу сагӀанашна, дийнаташ дагоран сагӀанаш а тамехь хир ду Хьуна, тӀаккха Хьан сагӀа доккхучу кхерча тӀе стерчий дохкур ду.