Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 1:20

[1] Даудан назма. Везачу Эло элира хьалдолчу эле: «Суна аьтту агӀор охьахаа, Аса Хьан мостагӀий хьан когашка охьабахккалц».

[2] Паччахьан ницкъ болу гӀаж дӀакховдор ю хьуна Везачу Эло Цийон-ломара. Олалла де ахьа хьайн мостагӀашна юкъахь.

[3] Хьан ницкъ гучубаьллачу дийнахь хьан халкъ ларамца хьуна тӀаьхьахӀуттур ду. Хьуна тешаме болу къонахий базаллехь гучубоху. Сатосуш дуьллу тхи санна, богӀу уьш хьуна тӀе.

[4] Везачу Эло чӀагӀо йина, ткъа цунна тӀера юха ца волу Иза: «Гуттаренна а динан да ву Хьо Малки-ЦӀадакъин даржехь».

[5] Хьуна аьтту агӀор ву Веза Эла. Ша оьгӀазваханчу дийнахь паччахьаш хӀаллакбийр бу Цо.

[6] Цу дийнахь халкъашна тӀехь кхел а йийр ю Цо. Ткъа латта декъех дузур ду Цо. Лаьттара массо баьччанаш а хӀаллакбийр бу Цо.

[7] Некъана йистехула догӀучу татол чуьра паччахьо хи мер ду. ТӀаккха цо, ницкъ тӀе а беана, корта хьалаойур бу.

Забур — Chapters