Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 1:18

[1] Хаставе, Ярушалайм, Веза Эла, хаставе, Цийон, хьайн Дела,

[2] хӀунда аьлча Цо хьан кевнийн гӀораш чӀагӀдо, хьуна чуьра хьан халкъ декъалдо.

[3] Хьан дозанашкахь машар а латтабо, уггар тоьллачу кӀенаца хьо Ӏаба а йо Цо.

[4] Шен омра лаьтта тӀе хьажадо Цо, Цуьнан дош цига сиха доьду.

[5] ЮргӀа санна, ло охьадуьллу Цо, чим санна, йис дӀасакхуьссу.

[6] ЖагӀа санна йолу къора туху Цо. Цуьнан шелонна дуьхьал мила латталур ву?

[7] Цо Шен дош дахийтича, дерриг а дешна дӀадер ду. Цо мох тоьхча, хиш дӀадуьйлалур ду.

[8] Цо Шен дош Якъубан тӀаьхьенна довзийтина, Шен парзаш а, тӀедехкинарш а – Исраилан халкъана.

[9] И саннарг Цо кхечу халкъашна ца дина, царна ца девза Цо тӀедехкинарш. Хастам бу Везачу Элана!

Забур — Chapters