Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 1:20

[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тӀаьхьенан хьехаме назма.

[2] Хин Ӏоврех хьоьгуш болу сай санна, сан са а ду Хьох хьоьгуш, Дела!

[3] Делах хьоьгу сан са – дийна волчу Делах. Маца дӀавахалур ву те со, Далла уллохь а волуш, Цунна Ӏибадат дан?

[4] Дийнаххьий, буьйсанний сайн бӀаьрхих кхача хилира суна, «Мичахь ву ткъа хьан Дела?» – бохуш, дийнахь сарралц мостагӀаша соьга хоьтту.

[5] Сайн синан Ӏаткъам дӀа а балхош, хӀара ду суна дагаоьхург: адамийн тобанашца сайн лелар, Делан цӀа долчу сайн хьалхавийлар. Халкъаца цхьаьна аса а кхойкхура дезде даздечу хенахь хазахетаран а, баркаллин а озаца.

[6] ХӀунда ду те хьо сингаттаме, сан са, карзах хӀунда дуьйлу те хьо сан кийрахь? Деле ладоьгӀуш хила, хӀунда аьлча ас кхин а хастамаш бийр бу Цунна, со КӀелхьарвоккхург волчу сайн Далла.

[7] Сан кийрарчу сино сагатдо, цундела суна Йордан-хин махкара а, Хьермон а, Мицхьар а лаьмнийн мехкашкара а дагаоьху Хьо.

[8] КӀоргачу цхьана хино вукху хине Хьан чухчарийн аьзнашца кхайкхамаш бо. Дерриг Хьан хиш а, Хьан тулгӀенаш а суна тӀехула чекхъевлла.

[9] Дийнахь Везачу Эло Шен безам суна тӀехьажабо. Буьйсанна соьгахь илли ду Цунна – сан дахаран Деле долу доӀа.

[10] Сайн тарх йолчу Деле аса олу: «Ахьа со виц хӀунда вина те? ХӀунда лела те со гӀайгӀанехь, сан мостагӀчо суна гӀело ярх?»

[11] Сан даьӀахкашкахь Ӏожаллин чов хиллал, сан мостагӀашна со дола хета, «Мичахь ву ткъа хьан Дела?» – бохуш, дийнахь сарралц цара соьга хоьтту.

[12] ХӀунда ду те хьо сингаттаме, сан са? Карзах хӀунда дуьйлу те хьо сан кийрахь? Деле ладоьгӀуш хила, хӀунда аьлча ас кхин а хастамаш бийр бу Цунна, со КӀелхьарвоккхург волчу сайн Далла.

Забур — Chapters