[1] Сулиман назма. Ва Дела! Паччахьна Ахьа йийриг санна кхел ян Ӏамадехьа, ткъа паччахьалла дечунна Хьайн нийсо лохьа.
[2] Хьан адамашна тӀехь нийса паччахьалла дойла Цо, ур-атталла гӀело хьоьгучу Хьан нахана тӀехь бакъдолу олалла дойла Цо.
[3] Лаьмнаша адамашна беркат дохьийла, гунаша царна нийсо йохьийла.
[4] Халкъана юкъара гӀело хьоьгучарна цо нийсонца кхел а йойтийла, мискачун кӀентий цо кӀелхьар а бохийла, амма ницкъ бийраш цо дӀа а совцабойла.
[5] Нах Хьуна хьалха ларамах буьзна хуьлийла, малх а, бутт а мел лаьтта, тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка.
[6] Иза хуьлийла, буц хьаькхначу бай тӀе догӀу догӀа санна, лаьттана тӀуналла луш долу догӀанан тӀадамаш санна.
[7] Цуьнан заманахь нийсо лаьттийла, бутт дӀабаллалц беркат хуьлийла.
[8] ХӀорда тӀера хӀорда тӀе кхаччалц, Эпрат-хина тӀера лаьттан йисте кхаччалц цо паччахьалла дийр ду.
[9] Яьссачу аренашкара бахархой цунна хьалха охьаоьгур бу, цуьнан мостагӀаша а лаьттана меттанаш хьоькхур ду.
[10] Таршашан а, хӀордаца дозуш долчу мехкийн а паччахьаша цунна йолана хӀума яхьар ю. Шеба-мехкан а, Себа-мехкан а паччахьаша а цунна совгӀаташ дахьар ду.
[11] Массо а паччахьаш цунна хьалха охьатеӀар бу. Массо а халкъаша цунна хьалхара гӀуллакх дийр ду.
[12] ХӀунда аьлча орца доккхуш волу мисканиг цо паргӀатвоккхур ву, гӀо лаца цхьа а воцу гӀело хьоьгург а кӀелхьарвоккхур ву.
[13] Иза гӀийлачуьнца а, пекъарца а къинхетаме хир ву, цо мискачеран синош кӀелхьардохур ду.
[14] ГӀело ярх а, ницкъ барх а цо церан синош лардийр ду, цунна церан цӀий деза хетар ду.
[15] Паччахь дукха вехийла! Шеба-махкара деши цунна лойла. Массо а хенахь цунна тӀера доӀанаш дойла. Дийнахь сарралц иза декъал а войла.
[16] Лаьттахь кӀа шорта хуьлийла. Лаьмнийн лакхенашкахь иза дӀасалестийла. Цуьнан стоьмаш, Ливанунехь санна, дукха хуьлийла. ГӀалара адамаш, аренгара буц санна, дебийла.
[17] Абаденналц цуьнан цӀе йиц ма лойла. Дуьненахь малх мел кхета иза цӀеяхана хуьлийла. Цуьнан цӀарах халкъаша вовшийн декъалдойла. Царна массарна а иза декъалвина хетийла.
[18] Хастам бу Везачу Далла, Исраилан халкъан Далла! Веккъа Иза ву тамашийна гӀуллакхаш кхуллург.
[19] Цуьнан сийлаллин цӀарна абаденналц хастам бойла. Цуьнан сийлаллех дерриг дуьне а дузийла. Амин! Амин!
[20] Юшайн кӀентан Даудан доӀанаш чекхдевли.