Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 1:29

[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга, Ядутуне. Даудан назма.

[2] Ас элира: Сайн маттаца къинош ца леторхьама, со лелачу сайн некъийн тергам бийр бу аса. Ӏесанаш сайна хьалха мел бу, сайн бат дӀасацор ю аса.

[3] Мотт ца хуург санна а, аз доцург санна а хуьлура со, ур-атталла диканна а вист ца хуьлура со. Ткъа сан баланаш совбевлира.

[4] Сан дог алу хилла дӀахӀоьттира. Цуьнан дукха ойла ярна, сан кийрахь цӀе елира. Со сайн маттаца дийца волавелира:

[5] Веза Эла, алахьа соьга, сан кхалхар маца хир ду а, сан дахаран денош мел дисна а. Мел ду те уьш, Ахь суна дуьнен чохь яккха елла хан мел ю хаархьама.

[6] Ахь суна делла денош цхьайолу шенаш санна бен дац. Сан оьмар Хьуна гергахь хӀумма а йоцург ю. Билггал, хӀора стеган дахар хӀо санна бен дац-кх.

[7] Билггал, адам гӀаларт санна лела-кх. Эрна хӀума а до цо, хьал а гулдо, ткъа иза хьанна кхочур ду цунна ца хаьа-кх.

[8] Ткъа хӀинца аса стенга ладогӀа деза те? Сан сатийсар-м Хьоьга ду.

[9] Аса лелочу дерриге а зуламех кӀелхьарваккхахьа со. Емалвайта сонтачеран кара дӀа ма лохьа со.

[10] Мотт а сецна, сан багара дош ца долу, суна мел динарг Ахьа дина долу дела.

[11] Айхьа суна дина таӀзар дӀадаккхахьа, Хьан куьг дукха дардаларна дӀавер ву со.

[12] Бехк адамах баккхарца, летийначу къиношна Ахьа цунна таӀзар до, цунна дезаш мел дерг, нецо санна, Ахь кхаьллина дӀадоккху. Билггал, хӀора стаг хӀо санна бен вац-кх!

[13] Веза Эла, сан доӀа дӀахазахьа, сан узарийн тергам бехьа. Сан бӀаьрхишна дуьхьал жоп ца луш ма Ӏехьа. ХӀунда аьлча со кхузахь Хьан хьаша санна ву, сан берриге а дай санна, со тӀевеанарг а ву.

[14] ДӀа а кхелхина, дуьнен чуьра дӀаваххалц йолчу ханна витахьа со, сан кхин а воккхавен йиш хилийтархьама.

Забур — Chapters