[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.
[2] Веза Эла! Хьоьга ларвойту аса со. Цкъа а юьхьӀаьржачу ма хӀоттийтахьа со. Хьайн нийсонца со паргӀатваккхахьа.
[3] Хьайн лерг суна тӀедерзадехьа, со кӀелхьарваккха сихлохьа. Тарх санна хилахьа, со ларвархьама, чӀогӀа гӀап санна хилахьа суна, со кӀелхьарваккхархьама.
[4] Суна чхар санна Хьо хиларна, суна гӀап санна Хьо хиларна, Хьайн цӀеран дуьхьа со лела а вехьа, суна тӀехь урхалла а дехьа.
[5] Къайлаха дӀахӀоттийначу гура чуьра со схьаваккхахьа, хӀунда аьлча Хьо ю сан чӀагӀо.
[6] Хьан кара дӀало аса сайн са. Веза Эла, тешаме Дела, Ахьа кӀелхьарвоккхур ву со.
[7] ХӀумма а боцучу цӀуйн сийдийраш бӀаьрга бан а ца беза суна, ткъа со Везачу Элах тешна Ӏаш ву.
[8] Хьан хедар боцу безам бахьанехь хазахеташший, самукъадаьллий хир ву со. ХӀунда аьлча ас хьоьгу Ӏазап Хьуна гира, сан синан бала Хьуна дӀахиира.
[9] МостагӀчун кара дӀа ца велира со Ахьа. Сан когаш паргӀатчу меттехь дӀахӀиттий Ахь.
[10] Веза Эла, сох къинхетам бехьа, хӀунда аьлча ву-кх со готтехь. Сингаттаме со хиларна, худабелла сан бӀаьргаш а, сан са а, сан кийра а.
[11] Сингаттамо дахар а гӀелдина сан, шераш а узарш деш дӀадовлу сан. Аса къинош леторна, сан ницкъ а дӀабаьлла, сан даьӀахкаш а малъелла.
[12] Сан мостагӀий бахьанехь ур-атталла сан лулахоша а тӀехдетта суна, со вевзаш берш а дӀакъехка сох. Урамехь со гинарш а дӀабовду сох.
[13] Велларг санна, нехан дегнаша вицвина со. Йоьхна пхьегӀа санна ву со.
[14] Дуккханнийн а харцлер хеза суна. Массо а агӀор къемат тӀегӀерта, суна дуьхьал барт а бина, сан са даккха дагахь цара ойланаш йича.
[15] Ткъа со Хьох теша, Веза Эла. Аса олу: «Хьо ву сан Дела».
[16] Хьан карахь ду сан дахаран денош. Сан мостагӀийн карара а, суна тӀаьхьабевллачех а со кӀелхьарваккхахьа.
[17] Хьан лай волчу суна тӀе Хьайн юьхь тӀера серло лепийтахьа. Хьайн хедар боцучу безамца со кӀелхьарваккхахьа.
[18] Веза Эла! Хьоьга кхайкхарна со юьхьӀаьржачу ма хӀуттийла. Ткъа Ӏесанаш, юьхьӀаьржачу а хӀиттина, эхартахь тийна дӀасовцийла.
[19] Тхьузйоьлла юьсийла харцлоь баганаш, Делан лаамехь лелачарна дуьхьал кураллица а, дозаллица а вониг дуьйцуш йолу.
[20] Мел дукха ду-кх Хьоьгара долу дика, Хьоьга ларамах буьзначарна дала Ахьа кечдина долу. Хьоьга шаьш лардойтуш долчу массо а адамашна хьалха дӀало Ахь иза!
[21] Адамийн питанех Хьайн юьхьца къайлабоху Ахь уьш. Дуьхьал лоьчу меттанех Хьайн ӀиндагӀехь къайлабоху Ахь уьш.
[22] Декъала ву Веза Эла, го бинчу гӀалахь со волуш, суна Ша тешаме хилар Ӏаламат кепара гайтина волу!
[23] Со дог доьхна волуш, суна хийтира, Хьайн бӀаьргашна дуьхьалара Ахь со дӀаваьккхина аьлла. Амма Хьуна дӀахезира сан доӀанан аз, Хьайга со дӀакхайкхича.
[24] Веза Эла везаш хилалаш, Цуьнан долахь мел дерш. Тешаме берш Везачу Эло ларбо, ткъа дозаллаш дечарна шайн хьакъ дӀало.
[25] Доьналла долуш хилалаш! Шун дегнаш чӀагӀлойла, Везачу Эле сатуьйсучу шун массеран а дегнаш чӀагӀлойла!