Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:26

[1] Баркалла ала Везачу Элана! Цуьнан цӀарна хастамаш бе! Довзийта халкъашна Цуьнан гӀуллакхаш.

[2] Иллеш ала Цунна, пондарш лакха Цунна. Дерриг а Цуьнан тамашийначу гӀуллакхех лаций дӀадийца.

[3] Дозалла де Цуьнан езачу цӀарах! Веза Эла лоьхучийн дегнаш самукъадолуш хуьлийла!

[4] Веза Эла а, Цуьнан ницкъ а лаха, гуттар Цунна уллохь хила гӀерта.

[5] Дагахь латтаде Цо дина тамашийна гӀуллакхаш а, Цо гайтина билгалонаш а, Цо йина кхелаш а,

[6] ва Шен ялхо волчу ИбрахӀиман хӀу дерш, Ша хаьржина волчу Якъубан тӀаьхьенах дерш.

[7] Веза Эла волу Иза вайн Дела ву. Цуьнан кхелаш массо а лаьттахула ю.

[8] Цо даим дагахь латтор бу Шен барт, эзаран барамехь йолчу тӀаьхьенашна Ша делла дош,

[9] ИбрахӀимца Цо бина болу барт, Исхьакхана чӀагӀо йина долу ваӀда.

[10] Цо Якъубана иза чӀагӀдира парз санна, Исраилана – гуттаренна а болу барт санна.

[11] Цо аьллера: «Хьуна лур ду Аса канаӀанхойн латта, и дакъа хьуна шерет санна кхочур ду».

[12] Церан терахь цу хенахь дуккха а ца хилла, кӀезиг а болуш, уьш махкахь тӀебаьхкина Ӏаш хилла.

[13] Уьш дӀаоьхура цхьа къам долчуьра важа къам долчу, цхьана пачхьалкхера кхечу халкъан пачхьалкх йолчу.

[14] Дала цхьанна а пурба ца лора уьш бацабайта, церан дуьхьа Цо паччахьашка дӀахьедар дора:

[15] «Ас къобалбинчарах дӀа ма хьакхалолаш, Сан пайхамаршна зулам а ма делаш».

[16] Дала мацалла хӀоттийра лаьтта тӀехь, церан дисна напха а хӀаллакдира Цо.

[17] Цо царна хьалхаваьлла стаг вахийтира – лай вина воьхкина волу Юсуп.

[18] Цуьнан когашна буржалш тоьхнера, цуьнан вортана тӀехь аьчка гӀомат яра,

[19] ша аьлла долу хиндерг хилла а далале. Везачу Элан дашо иза зуьйш хиллера.

[20] Мисар-мехкан паччахьо мукъаваьккхира Юсуп, набахтера араваьккхира иза къаьмнийн олахочо.

[21] Цо шен цӀа чохь хьаькам вина дӀахӀоттийра иза, шен мел долчу хьолана дола дан а,

[22] иштта цуьнга элашна тӀехь олалла дайта а, къаношна хьекъалалла далийта а.

[23] ТӀаккха Исраил Мисар-махка чу велира, Якъуб Хьамин тӀаьхьенийн лаьтта тӀехь, хийра стаг санна, ваха дӀавахара.

[24] ЧӀогӀа дебийра Везачу Эло Шен къам, церан мостагӀел а ницкъ болуш бира Цо уьш.

[25] Цо мостагӀийн дегнаш хийцира, Шен къам ца дезийта а, Шен ялхошна дуьхьал мекарлонца лела а.

[26] Цо Мисар-махка Шен ялхо волу Муса а, Ша хаьржина волу АхӀарон а вахийтира.

[27] Мисархошна хьалха цара кхочушйира Дала царна аьлла йолу билгалонаш, Хьамин тӀаьхьенийн лаьтта тӀехь цара тамашийна гӀуллакхаш гайтира.

[28] Дала бода бахийтира цига, боданах дуьзира латта, Цуьнан дешнашна дуьхьал уьш бевлла дела.

[29] Церан хийх цӀий хилийтира Цо, церан чӀерий хӀаллак а хуьлуьйтуш.

[30] Церан латта пхьидарчех хьаладуьзира, церан паччахьан цӀенош чохь а яра уьш.

[31] Иза вистхуьллушехь, жӀаьлийн мозий гучудевлира, массо а махкахула чуьркаш а яьржира.

[32] Церан догӀанех Цо къора хилийтира, массо а лаьттахула ткъес тохийтира.

[33] Кемсийн таьллангаш а, инжиран дитташ а дохийра, шаьш долчохь мел долу дитт а хӀаллакдира.

[34] Иза вистхуьллушехь, цӀоз даьржира, барам боцуш дукха уьш хилира.

[35] Церан лаьтта тӀера ерриг буц а, кхаш тӀехь кхиъна мел долу ялта а дӀадиира цара.

[36] Цул тӀаьхьа Цо массо а хьалха вина доьзалхо хӀаллаквира, церан ницкъо дуьххьара кхуьуьйтурш байина дӀабехира.

[37] ТӀаккха Шен халкъ Мисар-махкара арадаьккхира Цо, деших а, детих а йина хӀуманаш цара дӀаяьхьира, Цуьнан долахь долчу тайпанех цхьанна а стеган ког а ца тасабелира.

[38] Церан арадовларх даккхийдеш дара Мисар-махкара халкъ, исраилхойх болу кхерам царна тесна болу дела.

[39] Цо марха яржийра, Шен халкъ дӀахьулдархьама, буса Цо цӀе хилийтира, царна серло ялархьама.

[40] Цара яа хӀума йийхира – Цо лекъаш делира царна, стигаларчу ялтица уьш Ӏаббалц буза а бира.

[41] Цо тарх йоьккъушехь, хи схьахецаделира, татолаш а хилла, иза яьссачу аренгахула дӀадахара.

[42] Дала иза дира, хӀунда аьлча Цунна дагахь яра Ша йина еза чӀагӀо, Шен ялхо волчу ИбрахӀимна Ша делла долу дош.

[43] Цо Шен къам доккхадерца арадаьккхира, цара самукъане маьхьарий а детташ, Мисар-махкара Ша хаьржинарш Цо арабехира.

[44] Цо кхечу къаьмнийн латтанаш царна дӀаделира, кхечу наха къахьегнарг царна дӀакхачийтира,

[45] Шен парзаш цаьрга кхочушдайтархьама а, Шен товрат-хьехамаш цаьрга ларбайтархьама а. Хастам бу Везачу Элана!

Забур — Chapters