Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 5:06

[1] Асайпан назма. Ва Дела! Кхечу къаьмнаша дӀалаьцна Хьан долахь долу латта, цара бехдина Хьан деза цӀа, Ярушалаймах саьлнаш йина дӀахӀиттийна цара.

[2] Хьан леш болчеран декъий стигаларчу олхазаршка даийта дӀаделла, ткъа Хьуна тешаме болчеран догӀмаш цара лаьттарчу акхарошна дӀаделла

[3] Цара, хи санна, цӀий Ӏанийна Ярушалаймана гонах, уьш дӀабохка стаг а вацара.

[4] Уллора къаьмнаш тхох кхаьрда, гонах мел верг тхох воьлуш а, тхо сийсаздеш а ву.

[5] Веза Эла, мел дахлур ду те Хьан оьгӀазвахар, Хьан эмгаралла, цӀе санна, йогуш мел лаьттар ю те?

[6] Хьо къобал ца вечу халкъашна тӀе хьажаехьа Хьайн оьгӀазалла, Хьуна Ӏамал ца ечу пачхьалкхашна тӀе хьажаехьа Хьайн дералла.

[7] ХӀунда аьлча цара Якъубан халкъ дӀакхаьллина, иза Ӏаш болу мохк а бохийна.

[8] Тхан дайн къинош бахьана долуш тхо жоьпе ма озадехьа, Хьайн къинхетам сиха гайтахьа тхуна, хӀунда аьлча тхан гӀора дӀадаьлла.

[9] ГӀо дехьа тхуна, тхан КӀелхьарваккхархо волу Дела, Хьайн цӀеран сийлаллин дуьхьа. КӀелхьардахахьа тхо, тхан къиношна геч а дехьа Хьайн езачу цӀеран дуьхьа.

[10] Кхечу къаьмнех болчу наха хӀунда хоьтту: «Мичахь ву церан Дела?» Тхан бӀаьргашна хьалха кхечу къаьмнашна хаийтахьа, Хьан ялхойн цӀий Ӏанорна Айхьа бекхам бийриг хилар.

[11] Йийсархойн узарш Хьуна дӀахезийла, Хьайн нуьцкъалаллица кӀелхьарбахахьа хӀаллакьхила леринарш.

[12] ВорхӀазза дӀадекхахьа тхан лулахошна царна Хьалдолу Эла волу Хьо ларар дола хетар.

[13] Ткъа тхо, Хьан халкъ, Хьан дежийлашкара уьстагӀий, массо а ханна Хьуна хастамаш беш хир ду, оха тӀаьхьенера тӀаьхьене а Хьан сийлалла дӀакхайкхор ю.

Забур — Chapters