Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 1:53

[1] Веза Эла, Хьо – бекхам беш волу Эла ву, лепаш дӀахӀоттахьа, бекхам беш волу Дела!

[2] ГӀаттахьа, дуьненан Кхелахо, курачарна бекхам бехьа.

[3] Мел дахлур ду те Ӏесачеран сакъерадалар? Мел дахлур ду те уьш баккхийбер?

[4] Цара шайн кура хабарш дуьйцу. Массо а зуламхой дозаллех буьзна бу.

[5] Хьан халкъана, Веза Эла, гӀело йо цара, Хьан долахь берш цара бацабо.

[6] Цара бисина Ӏаш болу зударий боха а бо, тӀебаьхкина нах а, бай а хӀаллак а до.

[7] Цара боху: «Везачу Элана хӀара ца го, Якъубан Дала хӀокхуьнан тидам ца бо».

[8] Хьекъале дуьйлийша, нахана юкъара кхетам боцурш! Маца кхетар ду теша шу, хьекъал доцурш?

[9] Шуна лергаш Деллачунна дӀахезар дац ткъа? Шуна бӀаьргаш Деллачунна дӀагур дац ткъа?

[10] Халкъашна таӀзар Дечо шу нисдийр дац ткъа? Адамаш Ӏамош Волчун хьекъал ца кхочу ткъа?

[11] Везачу Элана адаман ойланаш евза, Цунна хууш ду и ойланаш эрна юйла.

[12] Декъала ву, Веза Эла, Ахьа хьехар деш верг, Хьан товрат-хьехамаш Хьоьгара Ӏамош верг.

[13] Бохаман деношкахь Ахьа цунна синтем ло, Ӏесачарна каш аьхкина даллалц.

[14] Везачу Эло Шен халкъ дӀатоттур дац, Цо Шен долахь берш цкъа а буьтур бац.

[15] Кхел ечу меттигашка нийсо юхайоьрзур ю, ткъа догцӀена мел берш цунна тӀаьхьахӀуьттур бу.

[16] Мила ваьлла сан дуьхьа зуламечу нахана дуьхьал? Мила хилла соьца харцонаш лелош болчарна дуьхьал?

[17] Везачу Эло суна гӀо ца динехь, кестта сан са эхартан тийналлехь хир дара.

[18] «Сан ког шерша», – аьлла, суна хетачу хенахь, Хьан безамах, Веза Эла, суна гӀортор хилира.

[19] Кийрахь со гӀайгӀане волчу хенахь, Ахьа бинчу синхьаамо сан дог синтеме далийра.

[20] Хьоьца цхьаьнакхетар ма бац телхина кхелахой, нахана бохам баккха Ӏедал дерзораш.

[21] Уьш цхьаьна а кхетий, нийса лелачарна дуьхьалбовлу, цара бехк боцучунна вайаран кхел кхайкхайо.

[22] Амма Веза Эла сан гӀап хилла дӀахӀоьттина, сан Дела суна къайлаваккхаран тарх хилла.

[23] Цара лелийначу зуламех Цо бекхам бийр бу, цара динчу вонна Цо уьш хӀаллак а бийр бу. Вайн Везачу Дала уьш хӀаллакбийр ма бу!

Забур — Chapters