[1] Даудан назма. Декъалвойла сан сино Веза Эла! Суна чохь мел долчу хӀумано а декъалйойла Цуьнан еза цӀе!
[2] Сан сино Веза Эла декъалвойла! Сан даго Цо мел дина дика диц а ма дойла!
[3] Ас мел хьерчийначу къиношна а геч ма до Цо. Сан мел йолчу цамгарех а то ма во Цо.
[4] Со валарх а ларво Цо. Шен хедар боцучу безамца а, къинхетамца а го бо Цо.
[5] Сан дахар диканах дузу Цо. Къоначу аьрзунан санна, сан къоналла а карлайоккху Цо.
[6] Везачу Эло бакъонца дерг а кхуллу, ницкъ хиллачунна а нийсо хилийта хьожуш ву Иза.
[7] Шен некъаш гайтира Цо Муса-пайхамарна. Шен гӀуллакхаш гайтира Цо Исраилан халкъана.
[8] Къинхетаме а, дика а ву Веза Эла. Иза оьгӀаз а атта ца воьду, ткъа Цуьнан безам а боккха бу.
[9] Гуттаренна а ца хуьлу Везачу Эло бехк биллар. Гуттаренна а дац Цуьнан оьгӀазвахар.
[10] Вай еш йолчу харцонашка хьаьжжина, ца до Цо вайна дан доггӀург. Вай хьерчош долчу къиношка хьаьжжина, ца до Цо Ша дийриг а.
[11] ХӀунда аьлча, стигал лаьттана гена йолччул, боккха бу Везачу Элан Шех кхоьручаьрга болу безам.
[12] Малхбалехьара малхбузенга кхаччалц йолу еха юкъ санна, дӀакъастадо Цо вай хьерчийна долу къинош вайх.
[13] Дай шайн берашца къинхетаме хиларе терра, Везачу Эло а къинхетам бо Шех кхоьручарах.
[14] Везачу Элана хаьа, Ша вай стенах кхоьллина ду, хаьа Цунна, Ша вай поппарх дина дуйла.
[15] Адамийн денош а, тӀеяьлла йолу буц санна, доца ду. Аренгахь кхуьу зезаг санна, кхуьу адамаш а.
[16] Ткъа чӀогӀа мох тӀехьаькхча, и зезаг хӀаллакьхуьлу, и хилла меттиг а евзар яц цхьанна а.
[17] Азалера абаденналц бу Везачу Элан хедар боцу безам Цунах кхоьручаьрга, ткъа Цуьнца бина барт ларбеш йолчу а, Цо делла парзаш кхочушдеш йолчу а массо а тӀаьхьенашна Цуьнан дика лаьтта.
[19] Стигалшкахь дӀахӀоттийна Везачу Эло Шен олаллин гӀант. Олалла до Цо доллучу хӀуманна а тӀехь.
[20] Онда ницкъ болуш долчу а, Цуьнан дош кхочушдеш долчу а массо а маликаша декъалвойла Веза Эла, Цуьнан дашна муьтӀахь а хуьлуш.
[21] Цуьнан лаамаш кхочушбеш болу ялхой болчу стигалийн массо а ницкъаша декъалвойла Веза Эла.
[22] Декъалвойла Веза Эла Цуьнан доллучу гӀуллакхаша, Цо олалла деш йолчу массо а меттигашкахь! Декъалвойла Веза Эла сан сино!