[1] Хастам бе, сан са, Везачу Элана! Сан Веза Дела, Хьо инзаре воккха ву, паччахьан сий а, исбаьхьалла а Хьан духар санна ду.
[2] Ахь оба санна, тӀеюхуш ерг серло ю, четар санна дӀасаяржийна Ахьа стигал а.
[3] Ахьа стигаларчу хишна тӀехула Хьайна Ӏа меттиг йо. Мархех Ахь Хьайна гӀудалкх йо, Хьо мохан тӀемашна тӀехь а хехкало.
[4] Ахьа мехех Хьайн геланчаш бо, цӀеран алунех Хьайн ялхой бо.
[5] Ахьа латта чӀоггӀачу бух тӀе хӀоттийна, иза абаденналц меттах а дер дац.
[6] Латта, юргӀано санна, Ахьа кӀоргачу хица дӀахьулдина, гобаьккхинчу хино лаьмнаш а къайладаьхна.
[7] Амма хиш, Ахьа бохург а дина, юхадевлла, къекъачу Хьан озах къаьхкина уьш девдда дахана.
[8] Лаьмнаш хьаладовлучу хенахь, тогӀеш охьайовлучу хенахь, уьш Ахьа царна билгалъяьккхинчу меттиге дӀадахана.
[9] Ахьа царна тӀехдевр доцу доза дӀахӀоттийна, латта дӀахьулдан уьш юха ца дахийтархьама.
[10] Ахьа тогӀешна чухула хин хьостанаш дӀадохуьйту, и хиш лаьмнашна юккъехула дӀа а оьху.
[11] Цара ерриг а акхарошна хи ло. Акха варраша шайн хьогалла дӀайоккху.
[12] Царна гонах стигаларчу олхазарша а шайн баннаш до, гаьннашна юкъара шайн аьзнаш схьа а хозуьйтуш.
[13] Хьайн лакхенгара лаьмнаш Ахь хих Ӏабадо, Хьан куьйгаша кхоьллинчух Ахь латта Ӏабадо.
[14] Бежанашка яийта Ахьа буц хьалайолуьйту, адамаша лелош долу ораматаш а хьаладовлуьйту. Иштта, цара лаьттара кхача кхиабо,
[15] адаман дог самукъадаккха чагӀар а до, цуьнан сибат къаго зайтдаьтта а до, дог чӀагӀдеш долу бепиг а до.
[16] Ӏаббалц тӀуналла ло Везачу Элан дитташна, Цо Ша дӀадоьгӀна долу Ливанунан баган-дитташна.
[17] Царна тӀехь шайн баннаш до олхазарша, ткъа аисто шен бен лекхачу диттана тӀехь бина.
[18] Лекха лаьмнаш масаршна хӀусам хилла дӀахӀиттина, ткъа тархех лаьмнийн дехкашна дӀаловчкъийла хилла.
[19] Хенан хийцам гайтархьама, Ахьа бутт кхоьллина, ткъа ша маца дӀабуза беза хууш болу малх а Ахьа кхоьллина.
[20] Ахьа бода дӀабаржабо, тӀаккха буьйса тӀекхочу. И хан тӀекхаьчча, евлла лелаш хуьлу массо а хьуьнан акхарой.
[21] Лоьмаша, гӀигӀ деш, ижу йоьху, Дала ло кхача шайна лоьхуш.
[22] Малх схьакхетарца уьш дӀа а теба, шайн Ӏуьргашкахь охьа а дуьйшу.
[23] Ткъа адам шайн болх бан хьалагӀотту, цо сарралц къа а хьоьгу.
[24] Ма дукха ду-кх, Веза Эла, Ахьа кхоьллинарг! Массо а хӀума хьекъалаллица кхоьллина Ахьа. Дерриг а дуьне Ахь кхоьллинчух хьаладуьзна ду.
[25] Хьажахьа хӀорде, боккха а, шуьйра а болчу, чохь дагар ца даллал дукха яккхий а, кегий а садолу хӀуманех сийсаш болчу.
[26] Цунна тӀехула хӀордкеманаш лела, цу чохь Левиятан ловзабуьйлу, Ахьа кхоьллина хӀордан саьрмик.
[27] Цара массара а Ахьа шен-шен хенахь шайна кхача баларе сатуьйсу.
[28] Ахьа царна кхача белча, цара иза дӀаоьцу, Ахьа Хьайн куьг делча, уьш дикачух Ӏеба.
[29] Хьайн юьхь Ахьа къайлаяьккхича, уьш доьхна хьийза, шайн са Ахьа дӀадаьккхича, уьш ле, чан хуьлий, дӀа а довлу.
[30] Ахьа царна Хьайн са делча, уьш кхуллу, цу тайпана Ахьа лаьттан сибат цӀиндо.
[31] Массо а ханна хуьлийла Везачу Элан сийлалла, воккхавеш хуьлийла Веза Эла Ша кхоьллинчух!
[32] Иза дӀахьожжушехь, дуьне дегадо, Иза дӀахьакхалушшехь, лаьмнех кӀур болу.
[33] Везачу Элана назма олуш хир ву со, со мел веха, иштта сан Далла хастамаш беш а хир ву со, айса хан мел йоккху.
[34] Реза хуьлийла Иза ас дӀаолучу назманна, со самукъадолуш хир ву Везачу Элах.
[35] Дуьнен чуьра дӀабовлийла массо а къинош летийнарш, Ӏеса адамаш а ма хуьлийла кхин. Хастам бе, сан са, Везачу Элана! Везачу Элана бу хастам!