[1] Даудан назма. Хьоьга кхойкху ас, Веза Эла, сан Тарх! Суна жоп ца луш ма хилалахь. Хьо вист ца хилча, эхарте кхаьчначех тарлур ву со.
[2] Сан доӀанаш дӀахазалахь ас Хьайга орца дохучу хенахь, Хьан дезачу цӀийне ас куьйгаш ойучу хенахь.
[3] Шайна уллорачаьрга диканиг а дуьйцуш, ткъа дагахь вониг долчу а, зуламе гӀуллакхаш дечу а, Ӏесачу а нахаца хӀаллак ма вехьа со.
[4] Церан гӀуллакхашка а, цаьргара даьллачу вочуьнга а хьажжий, кхел ехьа царна. Церан куьйгийн балхе хьажжий, ял лохьа царна, хьакъ дерриг юхалохьа царна.
[5] Везачу Эло диначунна а, Цуьнан куьйго кхоьллинчунна а, цара тидам тӀе ца бахийтарна, Цо хӀаллакбийр бу уьш, юха метта а ца хӀиттош.
[6] Хастам бу Везачу Элана, Цунна сан доӀанаш хезна.
[7] Веза Эла сан чӀагӀо ю, со ларвеш долу турс ду Иза. Цунах тешна дара сан дог, тӀаккха Цо гӀо дира суна. Сан дог доккхадеш ду, сайн иллешца ас хаставо Иза.
[8] Веза Эла Шен халкъан гӀап а ю, Ша къобалвинчун кӀелхьарваккхаран чӀагӀо а ю.
[9] Хьайн халкъ кӀелхьара а даккха, Хьайн тӀаьхье декъал а е. Церан Ӏу хилахьа, уьш даим Ӏалаш а беш.