Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:04

[1] Ӏезарахьахо волчу Этанан хьехаме назма.

[2] Хьан хедар боцучу безамах лаьцна, Веза Эла, ас даим а назманаш бохур ю, Хьан тешаме хиларх лаьцна массо а тӀаьхьенашкахь Аса сайн багахула дӀахоуьйтур ду.

[3] Ас боху: «Хьан хедар боцу безам абаденналц дӀахӀоттийна, Хьайн тешаме хилар Ахь стигалшкахь дӀахӀоттийра».

[4] Ахь элира: «Ас барт бина Айса хаьржинчу паччахьца, Ас чӀагӀо йина Сайн ялхо волчу Даудана:

[5] „Абаденналц Аса хьан тӀаьхьенах стаг паччахь вина дӀахӀоттор а ву, массо а тӀаьхьенашкахь хьан паччахьан гӀант Аса лоттуьйтур а ду“».

[6] Веза Эла, Хьан тамашийначу хӀуманашна стигалша хастам бо, Хьан тешаме хилар а Хьан дезачу маликийн гуламехь хастадо.

[7] ХӀунда аьлча мила ву стигалшкахь Везачу Элаца нисвала? Мила ву стигалан бахархошна юкъахь Везачу Элаца нисвала?

[8] Делан дезачу маликийн гуламан декъашхой Цунах кхоьру, массо а Цунна гонах болчарал Иза ларамах бузуьйтуш ву.

[9] Ва массо а ницкъийн Веза Дела! Мила ву Хьо санна ницкъ болуш, Веза Эла? Хьан тешаме хилар Хьуна гонах ду.

[10] Ахьа олалла до карзахбаьллачу хӀордана тӀехь: цуьнан тулгӀенаш хьалаюьйллушехь, Ахь уьш совцайо.

[11] ХӀордан саьрмик РахӀаб, эшийнарг санна, хьаьшна Ахьа, Хьайн ондачу куьйгаца Хьайн мостагӀий а дӀасабаржийна Ахьа.

[12] Стигалш а, латта а Хьан ду. Дерриг а дуьне а, цунна чохь мел дерг а Ахьа дӀахӀоттийна ду.

[13] Къилбаседехьа а, къилбехьа а ерг Ахьа кхоьллина. Табур-лам а, Хьермон-лам а Хьуна баккхийбеш бу.

[14] Ницкъ болуш бу Хьан пхьарс, Хьан куьг ма онда ду, Хьан аьтту куьг толаме ду!

[15] Нийсо а, бакъдерг а ду Хьан паччахьан гӀантана бух хилла дӀахӀоьттинарг. Безам а, тешаме хилар а ду Хьуна хьалхадаьлла лелаш.

[16] Декъала ду Хьуна хастамаш бан хиъна долу къам. Хьан юьхьан серлонехь лелаш ма бу уьш, ва Веза Эла.

[17] Хьох уьш дерриг а дийнахь сакъералуш хуьлу, Хьо нийса хиларна уьш баккхийбеш а хуьлу.

[18] ХӀунда аьлча Хьо церан ницкъ а, сийлалла а ву, Хьо дика хиларна, Ахь тхуна толамаш а ло.

[19] Везачу Элера ду тхан турс, Исраилан халкъан Везачуьнгара ву тхан паччахь.

[20] Цкъа мацах, сурт хӀотточу хенахь, Хьайна тешамечу нахе Ахь элира: «Доьналла долчунна Ас гӀо дира, нахана юкъара верг Аса хьалаайира.

[21] Сан ялхо волу Дауд кара а вина, Ас цунах паччахь вира, цунна тӀе Сайн деза даьтта а дуттуш, Аса иза къобалвира.

[22] Сан куьйго цунна ницкъ а лур бу, Сан пхьаьрсо иза чӀагӀ а вийр ву.

[23] МостагӀа цул тоьлур вац, вочу наха цунна гӀело а йийр яц.

[24] Ас цунна хьалха мостагӀий эшор бу, иза цавезарш хӀаллак а бийр бу.

[25] Сан тешам а, Сан безам а цуьнца хир бу, Со цуьнца хиларна, цо толамаш бохур бу.

[26] Ас цуьнан куьг хӀордана тӀе дуьллур ду, хишна тӀехула цуьнан аьтту куьг а дӀадохуьйтур ду.

[27] Цо Соьга эр ду: „Хьо – сан да а, сан Дела а ву, со кӀелхьарвоккхур волу тарх а ю“.

[28] Ас цунах Сайн дуьххьарлера доьзалхо вийр ву, иза дуьнен чохь болчу массо а паччахьел лекха а хир ву.

[29] Цуьнца болу Сан безам абаденналц хир бу, Ас цуьнца бина барт массо а ханна чӀагӀбийр бу.

[30] Цуьнан тӀаьхье Ас гуттаренна а латтор ю, стигал мел лаьтта, лаьттар ду цуьнан паччахьан гӀант а.

[31] Нагахь цуьнан тӀаьхьено товрат-хьехам битахь, я уьш Аса тӀедехкинаршца ца лелахь,

[32] нагахь Сан парзаш цара дохадахь, я Сан весеташ цара лар ца дахь,

[33] цара лелийначу зуламна Ас гӀожаца таӀзар дийр ду, цара летийначу къиношна еттарца Ас таӀзар дийр ду.

[34] Ткъа Сайн цаьрга болу безам Ас царах боккхур бац, Сайн царна леринчу тешаме хиларх Со дӀавоьрзур вац.

[35] Цаьрца Айса бина барт Аса бохор бац, Сайн багахула дӀааьлларг хуьйцур а дац.

[36] Гуттаренна а цкъа Сайн возаллех Ас чӀагӀо йина: Дауде Аса цкъа а харцдерг дуьйцур дац.

[37] Цуьнан тӀаьхье массо а хенахь хир ю, ткъа цуьнан тӀаьхьенан паччахьалла лаьттар ду, стигалахь малх мел лепа.

[38] Иза хир ю абаденналц дӀахӀоттийна болу а, стигалшкахь тешаме теш болу а бутт санна».

[39] Амма Хьан паччахь Ахь цавашарца дӀатеттина, Айхьа къобалвинчунна Хьо оьгӀазвахана.

[40] Хьайн ялхочуьнца бинчу бартах Хьо дӀавирзина, цуьнан таж а лаьттах тоьхна Ахьа.

[41] Цуьнан гӀалин массо а пенаш дохийна Ахьа, цуьнан чӀагӀонаш, саьлнаш йина, дӀахӀиттийна Ахьа.

[42] Массо а тӀехволучо цунна къола до, шен лулахошна хьалха беламе хилла дӀахӀоьттина иза.

[43] Цуьнан мостагӀашка Ахьа цунна тӀехь толам баккхийтина, Ахь цуьнан мостагӀийн сакъерадалийтина.

[44] Цуьнан туьран иралла Ахьа артйина, цунна тӀамехь гӀо а ца дина.

[45] Паччахьан сийлалла а цуьнгара схьаяьккхи Ахьа, цуьнан паччахьан гӀант а лаьтта охьадожий Ахьа.

[46] Цуьнан жималлин шераш дацди Ахьа, цунна тӀе юьхьӀаьржо а йоссийти Ахь.

[47] Дукха лаьттар вуй те Хьо, Веза Эла, къайлаваьлла? Дукха лаьттар юй те Хьан оьгӀазвахаран алу?

[48] Дагадаийтахьа, мел доца ду сан дахаран денош. Эрналлин дуьхьа кхоьллина те Ахьа адамаш?

[49] Вуй те хӀокху дахарехь валар ганза волу стаг, я эхартан карара шен са кӀелхьардаьккхинарг?

[50] Мичахь ду те, Хьалдолу Эла, Хьан безам гойтуш долу хьалхалера гӀуллакхаш? Мичахь ду те тхоьца тешаме хиларца Ахь Даудана чӀагӀо йина гӀуллакхаш?

[51] Дагадаийтахьа, Хьалдолу Эла, Хьан ялхо волчунна мостагӀаша бина дегабаам а, сайн дагахь дерриге а къаьмнаш сох кхардар со хьоьгуш хилар а.

[52] Хьан мостагӀий, Веза Эла, сох кхаьрдаш ма бу, Ахьа къобалвинарг мел вахахь а, уьш цунах кхаьрдаш ма бу.

[53] Декъала хуьлда Веза Эла абаденналц! Амин, амин.

Забур — Chapters