Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:07

[1] Везачу Эло паччахьалла до. Цунна тӀехь сийлаллин духар ду. Веза Эла духар дуьйхина ву, Цо ницкъан доьхка дихкина. Дуьне онда лаьтташ а ду, иза меттахдер а дац.

[2] Хьан Ӏарш ширачу заманал хьалха а йолуш ю. Хьо азалера дуьйна а волуш ву.

[3] Хин Ӏовраша, Веза Эла, хьалаойу, хин Ӏовраша шайн аз хьалаойу, хин Ӏовраша чӀогӀа гӀовгӀа йо.

[4] Амма дукхачу Ӏоврийн гӀовгӀанал чӀогӀа бу, хӀордийн тулгӀенийн гӀовгӀанал чӀогӀа бу лакхаллехь волчу Везачу Элан ницкъ.

[5] Ахьа хӀиттийна бакъонаш тешаме ю. Хьан цӀа дерриг а деношкахь, Веза Эла, деза хиларца хаздина ду.

Забур — Chapters