[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хӀара назма Гати-гӀалара схьаяьллачу эшаран мукъам балош болчу гӀирсаца ала еза.
[2] Ва Веза Эла! Тхан Хьалдолу Эла! Ма сийлахь ю Хьан цӀе дерриге а лаьтта тӀехь! Стигалшкахь дӀахӀоьттина ду Хьан сий!
[3] Кегийчу берийн а, декхаш долчу берийн а багахула. ГӀап дӀахӀоттийра Ахьа, Хьайн мостагӀий бахьана долуш. Хьуна дуьхьалбевлларш а, бекхам бийраш а дӀасовцорхьама дира Ахьа иза.
[4] Ахь кхоьллинчу стигалшка со хьалахьаьжча, цу тӀехь Ахь шен-шен метте дӀахӀиттийна буттий, седарчий го суна.
[5] Стаг мила ву, Хьан цуьнан бала кхача? Адаман кӀант мила ву, Ахьа цуьнан гӀайгӀа бан?
[6] Стигалийн гуламан декъашхойл дукха лах ца дина Ахь адам, сийлаллин таж а делла, вазвина Ахь иза.
[7] Ахь адам олалла дан дӀахӀоттийна Айхьа кхоьллинчу массо а хӀуманна тӀехь. Ахь адаман когашка диллина доллу хӀума а:
[8] уьстагӀий а, бежанаш а, иштта акхарой а,
[9] стигалара олхазарш а, хӀорда чуьра чӀерий а, хӀорда чохь мел лела садолу хӀума а.
[10] Ва Веза Эла! Тхан Хьалдолу Эла! Ма сийлахь ю Хьан цӀе дерриге а лаьтта тӀехь!