[1] Хьоьга, Веза Эла, со ларвойту аса, юьхьӀаьржачу ма хӀуттийла со цкъа а.
[2] Хьо бакъ хиларна, кхерамах паргӀатваккхахьа со. Хьайн лергаш соьгахьа дерзадай, кӀелхьарваккхахьа со.
[3] Муьлххачу а хенахь сан дӀалачкъа йиш йолу тарх санна хилахьа суна. Ахь дош делла со кӀелхьарваккха, цундела Хьо сан чӀагӀо а, гӀап а ю.
[4] Сан Дела! Харцо лелочарах кӀелхьарваккхахьа со, къизачу а, ницкъ бечу а нахах ларвехьа со.
[5] Хьо сан сатийсар ду, Хьалдолу Эла, жимачохь дуьйна дегайовхо ю.
[6] Вичхьана а дагца Хьоьца чӀагӀвелла со. Ахь ненан кийрара схьаваьккхина со. Хьо ас гуттар а хестор ву.
[7] Дукхахболчарна сан дахар тамашийна хета, хӀунда аьлча Хьо со нуьцкъала Ларвийриг ву.
[8] Хьан сийлалла хӀора дийнахь хестайо ас, Хьан возаллех долу дош сан багахь даим ду.
[9] Со, къанвелча, дӀа ма тасалахь, сан гӀора дӀадолучу хенахь со-со ма виталахь.
[10] Сан мостагӀий суна луьйш бу, со вен ларвеш берш барт беш бу.
[11] Цара боху: «Дала дӀатесна иза, тӀаьхьа а довлий, схьалаца иза, и кӀелхьарваккха цхьа а вац цуьнан».
[12] Дела! Гена ма валахьа суна. Сан Дела! Сихха орцахвалахьа суна.
[13] Сан синна дуьхьал мостагӀалла лелораш, эхь а хетта, дӀабовлийла, суна зулам лоьхуш берш юьхьӀаьржачу хӀиттийтахьа!
[14] Гуттар а Хьох дегайовхо йолуш а, Хьуна лерина муьлхха а хастам алсамбоккхуш а хир ву со.
[15] ХӀора дийнахь Хьан бакъдерг дуьйцуш, Ахь кӀелхьардахар кхайкхор ду ас, цуьнан барам суна ца хаахь а.
[16] Сан Хьалдолчу Элах болу кхаъ бахьаш, вогӀур ву со, Хьан нийсо ас кхайкхор ю, Хьан цхьаннан нийсо.
[17] Дела! Жима волуш дуьйна Ахь нийсачу новкъа ваьккхина со, Хьан тамашийначу хӀуманех лаьцна хӀинццалц схьадуьйцу ас.
[18] Къанвелча а, къежвелча а, дӀа ма тасалахь со, Дела, кху тӀаьхьенна а, цул тӀаьхьа хин болчарна а ас Хьан ницкъах лаьцна дийццалц.
[19] Хьан нийсо, Дела, стигалшка а кхочу, инзаре гӀуллакхаш дина Ахь. Дела, мила ву Хьоьга кхочуш?
[20] Дукха а, луьра а халонаш гойтура Ахь суна, амма юха а со денвийр ву Ахь, лаьттан кийрара гӀаттор ву.
[21] Со юха а тевийр ву Ахь, сан сийлалла алсам а доккхуш.
[22] Дечиг-пондарца Хьо хастош, Хьо тешаме хилар дуьйцур ду ас, сан Дела. Мерз-пондарца Хьох лаьцна назманаш йохур ю, Исраилан Везаниг!
[23] Ахь кӀелхьардаьккхина сан са доккхадеш ду, Хьуна хастам беш, сайн багахь ас мукъам бечу хенахь.
[24] ХӀора дийнахь сан матто Хьан нийсо кхайкхор ю, хӀунда аьлча суна зулам лоьхуш берш юьхьӀаьржачу хӀиттийна Ахь, царна эхь а хетийтина Ахь.