[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Сонтачара шайн дагахь боху: «Дела вац». Ма телхина нах бу уьш, цара лелориг мел дегаза хӀума ду. Диканиг дийриг цхьа а вац царах.
[2] Стигалшкара адамашка охьахьоьжу Веза Эла, цхьа а кхетамехь верг а вуй те, Дела лоьхург а вуй те, Шена гархьама.
[3] Берриш а нийсачу некъах тилла, уьш массо а талхарх буьзна. Царах цхьа а вац диканиг дийриг, ур-атталла цхьаъ-м вац.
[4] Кхетаме богӀур болуш а бац те харцонаш лелош мел берш, шаьш бепиг дууш санна, сан халкъ дӀакхоллурш, ткъа Везачу Эле ца кхойкхурш?
[5] ЦӀеххьана царна тӀе кхерам тосур бу, Дела Шен лаамехь болчаьргахьа ма ву.
[6] Декъазчо ечу ойланех шу кхаьрдаш делахь а, Везачу Эле цо ша лар ма войту!
[7] Исраилан халкъана кӀелхьардалар Цийон-лома тӀера догӀур делахьара! Шен халкъ Везачу Эло юхаметтахӀоттийча, Якъубан тӀаьхьенан сакъералур дара, Исраилан халкъан самукъадер дара.