[1] Везачу Элана бу хастам! Везачу Элан ва ялхой, Цунна хастам бе! Везачу Элан цӀе аша хаста а е!
[2] Хастам хуьлийла Везачу Элан цӀарна таханлерчу дийнахь дуьйна массо а ханна.
[3] Малхбалера дуьйна малхбузе кхаччалц Везачу Элан цӀе хастаме хуьлийла.
[4] Веза Эла массо а къаьмнел лекха лаьтташ ву, Цуьнан сийлалла стигалел лекха хьалаяьлла ю.
[5] Мила ву вайн Везачу Делах тера верг, лакхаллашкахь Ӏаршана тӀехь Ӏаш волчу а,
[6] стигалшка а, лаьтте а хьажархьама, лохха охьатаьӀаш волчу а?
[7] Къен верг Цо хьала а воккху хотта юкъара, мисканиг Цо хьала а ойу ченна юкъара.
[8] Цо уьш элашна юкъа охьаховшабо, шайн халкъах болчу элашна ховшабо.
[9] Бер ца хуьлуш йолчу зудчуьнан тидам бо Цо цуьнан хӀусамехь, шен берех йоккхаеш йолу зуда Цо цунах йо. Везачу Элана бу хастам!