Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 0:50

[1] Декъала ву зуламхойн хьехамашца лелаш воцу стаг, къинош летийна болчарна тӀаьхьа ца хӀуттуш верг, кхаьрдаш болчарах дӀа ца кхетарг!

[2] Амма уггар а декъала ву Везачу Элан товрат-хьехамаш кхочушбарх дагна там хуьлуш верг, царах лаьцна дийнахь а, буса а ойланаш еш волу стаг!

[3] Ву иза доьдучу хин йистехь доьгӀна дитт санна, шен хенахь стом а ло цо, гӀа а маргӀал ца дулу цуьнан, ша мел дечунна тӀехь аьтто а хуьлу цуьнан.

[4] Зуламаш дечеран гӀуллакхаш иштта ца хуьлу! Уьш мохо дӀасахьоькху чан санна ма бу.

[5] Цундела зуламе гӀуллакхаш дечеран Делан кхелана хьалха дӀахӀуттийла дац. Къинош летораш а хилалур бац Делан лаамехь болчеран гуламехь.

[6] ХӀунда аьлча Шен лаамехь болчеран некъ Везачу Эло ларбо, ткъа зуламе гӀуллакхаш лелочеран некъо уьш шаьш хӀаллакбо.

Забур — Chapters