[1] Асайпан хьехаме назма. ЛадогӀа ас хьоьхучуьнга, ва сан халкъ, сан багарчу дешнийн тидам бе.
[2] Сан багахула ас хьекъале хӀуманаш дуьйцур ду, ширачу заманашкара хӀетал-металш а далор ду.
[3] Тхуна иза хаза а хезнера, довза а девзинера, вайн дайша иза тхуна дийца а дийцинера.
[4] Тхайн берех иза къайла а доккхур дац. Хинйолчу тӀаьхьене оха дӀадуьйцур ду Везачу Элан сийлахь гӀуллакхех лаьцна, Цуьнан ницкъах а, Цо динчу тамашийначу хӀуманех а лаьцна.
[5] Цо Якъубан тӀаьхьенна бакъонаш дӀахӀиттийра, Исраилан халкъана товрат-хьехам дӀабелира. Тхан дайшна тӀедиллира Цо шайн берашна цаьрга иза дӀадовзийтар.
[6] Цу тайпана тӀейогӀучу тӀаьхьенна иза хуур дара, дуьнен чу бовлучу наха шайн берашна иза дӀадуьйцур а дара.
[7] ТӀаккха адамашна юкъахь Делах тешар дахлур дара, Цуьнан гӀуллакхаш диц а лур дацара, дерриг а халкъо Цуьнан весеташ лардийр дара.
[8] Уьш шайн дайх тера хир бацара, аьрха а, муьтӀахь боцуш а, шайн дегнашца Делах ца тешаш а, шайн синца Цунна тешаме боцуш а.
[9] Эпраймхойн карахь секхаӀедаш хиллехь а, тӀом бечу дийнахь уьш дӀа ма бевдира.
[10] Делаца бина барт лар ца бора цара, Цуьнан товрат-хьехамца баха а ца лиира царна.
[11] Царна дицделлера Цуьнан гӀуллакхаш, Цо гайтина долу тамашийна хӀуманаш а дицделлера царна.
[12] Мисар-махкахь, ЦоӀан олучу кӀоштахь, церан дайн бӀаьргашна хьалха гайтира Цо тамашийна хӀуманаш.
[13] Эрзийн хӀорд дӀаса а беккъа, цу юккъехула чекхбехира Цо уьш, ткъа хиш, пенаш санна, лаьтташ дара.
[14] Дийнахь – мархица дӀабуьгура уьш Везачу Эло, ткъа буьйса дӀаяллалц – цӀеран серлонца некъ гойтура царна.
[15] Яьссачу аренгахь Цо, тархаш екъа а екъна, кӀоргачу хӀорда санна шортта хи царна лора.
[16] Тархах Ӏовраш Цо охьайолаялийтира, татолаш санна, хиш а дӀасадаьржира.
[17] Амма уьш Цунна дуьхьал къинош леточуьра ца совцура, яьссачу аренгахь Веза Воккхачунна дуьхьал а гӀуьттуш.
[18] Шайна Иза вевззашехь, Дела зуьйш бара уьш, шайна безаш болу кхача а боьхуш.
[19] Далла дуьхьал къамелаш а деш, цара бохура: «Яьссачу аренгахь кхача кечлур буй те Деле?
[20] Цо тархах тоьхча, хи охьадоладелира, Ӏовраш санна, шортта хи охьадеара. Амма тхуна кхача балалур буй те Цуьнга? Шен къомана жижиг далалур дуй те Цуьнга?»
[21] Везачу Элана иза дӀахезча, оьгӀазаллин цӀе латийра Цо Якъубана дуьхьал, дераллин цӀе Исраилан халкъана тӀехьажийра Цо,
[22] Делах долу тешар церан ца хиларна а, Цуьнан кӀелхьардахарх уьш тешна ца хиларна а.
[23] ТӀаккха, мархашна омра а дина, Цо стигалан неӀарш дӀайиллира,
[24] Цо кхачанан буьртигаш царна тӀе диссийтира, догӀа санна, стигалара кӀа царна дӀаделира.
[25] Маликийн бепиг дууш дара адамаш, Цо иза царна уьш буззалц делира.
[26] Стигалахь Цо малхбалехьара мох карзахбаьккхира, иштта къилбехьара мох а Шен ницкъаца карзахбаьккхира.
[27] Цо, чан санна, жижиган догӀа даийтира царна тӀе, хӀорда йистера гӀум санна, дукха олхазарш а гӀовттийра.
[28] Церан четаршна гонах охьа а оьгуьйтуш, Цо олхазарш церан меттаматтана тӀе дахкийтира.
[29] Цара шаьш дуззалц биира и кхача, хӀунда аьлча лиънарг дара Цо царна делларг.
[30] Амма шаьш лиънарг уьш дӀайиъна а бовлале, и кхача церан багахь болчу хенахь,
[31] царна Дела оьгӀазвахара, Цо церан тоьлла берш а байира, исраилхойн кегийрхой а хӀаллакбира.
[32] И дерриг а хилла доллушехь, цара кхидӀа а къинош летадора, уьш Цуьнан тамашийна гӀуллакхех а ца тийшира.
[33] Церан дахаран чаккхе Цо эрна хилийтира, церан оьмаран шераш Цо кхерамехь чекхдехира.
[34] Цо царах цхьаберш мосазза хӀаллакбо, царах болчу кхечара Иза лоьхура. Уьш Далла тӀе а боьрзура, даггара Цуьнга а хьоьжура.
[35] Царна дагадеара, Дела – шайн тарх хилар а, Веза Воккха Дела шаьш ПаргӀатдохург хилар а.
[36] Шайн баганашца уьш Цунна хьесталора, шайн харцматтаца Цунна хьалха бакъ доцург дуьйцура цара.
[37] Церан дегнаш Цунна тӀедирзина дацара, Цо бинчу бартана уьш тешаме бацара.
[38] Амма Къинхетаме волчу Цо, церан къиношна геч а дора, уьш хӀаллак а ца бора. Дукхазза а Шен оьгӀазвахар царна тӀера дӀа а доккхура Цо, Шен дераллина некъ а ца лора.
[39] Цунна дагахь лаьттара, уьш адамаш хилар, юха ца доьрзуш долу садеӀар бен цахилар.
[40] Яьссачу аренгахь хийлазза Иза оьгӀазъоьхуьйтура цара, акхачу аренгахь хийла дог дохадора цара Цуьнан!
[41] Цара юх-юха а Дела зуьйра, Исраилан Везаниг оьгӀаз а вохуьйтуш.
[42] Царна Цуьнан ницкъ болуш хилар дага ца догӀура, Цо шаьш мостагӀех кӀелхьардахаран де а дицделлера царна.
[43] Царна дицделлера Мисар-махкахь Цо шайна Ӏаламаташ дар, иштта ЦоӀан-кӀоштахь царна тамашийна гӀуллакхаш гайтар.
[44] Мисархойн хиш Цо цӀийх хьаладуьзира, цаьрга хи ца малийтархьама.
[45] Царна тӀе жӀаьлийн мозий хийцира Цо, уьш дӀакхаллийтархьама, иштта пхьидарчий а тӀехийцира, уьш хӀаллакбайтархьама.
[46] Церан ялта цо цаьпцалгашна дӀаделира, иштта церан кхаш цӀазана дӀаделира.
[47] Церан кемсашна тӀе къора туьйхира Цо, церан инжиран дитташ а шаца хӀаллакдира.
[48] Церан дохнна Цо къора туьйхира, церан бажа стелахаьштигна дӀабелира.
[49] Шен оьгӀазаллин цӀе хьажийра Цо царна тӀе, хӀаллакдаран геланчийн жӀуга санна, дералла а, эргӀаддалар а, халонаш а йоуьйтуш.
[50] Цо Шен оьгӀазаллина некъ баьккхира, цхьа а стаг Ӏожаллех кӀелхьар а ца ваьккхира, церан дахар Ӏожаллин уьнна дӀаделира.
[51] Мисар-махкахь Цо массо а хьалха вина доьзалхо валийтира, церан ницкъо дуьххьара кхуьуьйтург Хьамин четаршна чохь хӀаллакбира.
[52] Шен халкъ Цо, жа санна, арадаьккхира, Цо уьш, уьстагӀий санна, яьссачу аренгахула дуьгура.
[53] Цо уьш маьршабахарна, уьш къар ца белира, ткъа церан мостагӀий хӀордо къайлабехира.
[54] Халкъ схьадалийра Цо Шен дезачу лаьтта тӀе, аьтту куьйгаца Ша баьккхинчу лаьмнийн махка тӀе.
[55] Хийра халкъаш царна хьалхара дӀалаьхкира Цо, церан латта Шен халкъана дӀа а кхочуьйтуш. Исраилан халкъ шайн хӀусамаш чохь даха хаийра Цо.
[56] Амма уьш Дела зуьйш дӀабуьйлабелира, Везачу Воккхачунна дуьхьалгӀевттира, Цуьнан бакъонаш лар а ца йора цара.
[57] Шайн дай санна, уьш а Делах дӀабирзира, иштта тешаме боцуш а лелара. Уьш харц секхаӀад санна хилира.
[58] Шайн сагӀа доккхучу гунашца Иза оьгӀазъоьхуьйтура, шайн цӀушца Цуьнан эмгаралла меттахйохура.
[59] Уьш Шена дӀахезча, Дела оьгӀазвоьдура, Цо Исраилан халкъ кхоччуш дӀатоттура.
[60] Цо йитира Шилунера Шен хӀусам, Ша адамашна юкъахь Ӏийна долу четар.
[61] Шеца бинчу бертан тӀорказ Цо йийсаре дӀаделира, Шен сийлаллин билгало мостагӀийн кара дӀаелира.
[62] Цо туьран кара дӀаделира шен къам, Шен долахь болчарна Иза оьгӀазвахара.
[63] ЦӀеро церан къона божарий дӀакхоллура, зудаберашна маре дигаран эшарш а ца лоькхура.
[64] Церан динан дай туьро хӀаллакбора, ткъа бисина болу зударий уьш бахьана долуш белха а ца боьлхура.
[65] Амма Хьалдолу Эла меттавеара, набарх ваьлча санна, Иза меттавеара, маларо карзахваьккхина турпалхо санна.
[66] Цо Шен мостагӀий юхаберзийтира, царна тӀе даима эхь а даийтира.
[67] Юсупан тӀаьхье дӀатеттира Цо, Эпрайман тайпа а ца хаьржира.
[68] ЯхӀудан тайпа къобалдира Цо, Шена безабелла болу Цийон-лам а хаьржира.
[69] Лекхачу стигалахь йолу Шен шахьар санна, Цо Шен еза меттиг йира цигахь. Латта санна, Цо иза массо а ханна чӀагӀйира.
[70] Цо Шен ялхо волу Дауд хаьржира, иза дежийлашкара схьа а ваьккхира.
[71] Цо иза уьстагӀий Ӏалашдечуьра схьаваьккхира, цуьнга, Ӏуьне санна, Шен Якъубан халкъ дажадайта, Шен долахь долу Исраилан халкъ цуьнга Ӏалашдайта.
[72] Дауда уьш цӀеначу дагца Ӏалашбора, Цо и къам говзачу куьйгашца дуьгура.