Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 1:04

[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.

[2] Кхин а мел ханна хир ду те Ахьа сан тергам ца бар, Веза Эла? Кхин а мел Ӏийр ву те Хьо соьгахьара дӀавирзина, Веза Эла?

[3] Мел Ӏан деза те сан бала хьоьгуш, хӀора дийнахь сайн даг чохь болу сингаттам лелош? Кхин мел хан ер ю те сан мостагӀаша со хьийзош?

[4] Сан Веза Дела, хьажахьа Хьо соьга, лохьа суна жоп. Юхаерзаехьа сан могушалла а, со велла дӀа ца валийтархьама.

[5] Ша сол тоьлла ма олийла сан мостагӀчо! Со эшна аьлла, хаза ма хетийла суна тӀаьхьа бевллачарна.

[6] Ткъа со Хьан хедар боцучу безамах тешна ву. Ахьа со кӀелхьарваккхарна, Сан дог самукъадаьлла хир ду. Ахь суна динчу диканна, ас Хьуна иллеш эр ду!

Забур — Chapters