[1] Даудан хьехаме назма. Декъала ву Везачу Эло цуьнан къинош цкъа а цунна дуьхьал ца лоруш волу стаг!
[2] Декъала ву Везачу Эло бехке веш воцу а, шен синца мекарло йоцу а стаг!
[3] Айса къа латадар дӀа а ца дуьйцуш, Хьоьга вист а ца хуьлуш, со Ӏачу хенахь, хӀора денна ас узарш дарна, малъелла дӀаяьллера сан даьӀахкаш.
[4] ХӀунда аьлча дийнаххьий, буьйсанний Хьан куьг суна тӀехь дазделла лаьттара. Аьхкенан йокъа хӀоьттинчу хенахь санна, бос а байна сан.
[5] Амма айса латийначу къинна къера а хилира со, сайн бакъонца цалелар хьул а ца дира аса Хьох. Ас элира: «Везачу Эле сайн къинош дӀадоьллур ду ас». ТӀаккха Ахь дӀабаьккхира суна тӀера сан къинан бехк.
[6] ХӀора Делан лаамехь волчо доӀа дойла Хьоьга, ша нийса вац аьлла хетачу хенахь, даккхий хиш дистина догӀучу хенахь, цунна тӀе уьш кхочур дац.
[7] Хьо волчохь ю сан дӀалочкъийла, Ахь ларво со халонех, кӀелхьарваларан хазахетар а ло Ахь суна.
[8] Ас хьо кхетор а ву, хьо ваха везачу новкъа а воккхур ву. Ас куьйгалла а дийр ду хьуна тӀехь, Сан бӀаьрг а бу хьуна тӀехь.
[9] Ма хилийша дин санна, я кхеташ йоцу вирбӀарза санна, шаьш бохург цаьрга дайтархьама, церан мочхалш тӀе дуьрстанаш а, гаьллаш а йоьхкина, сецо езаш йолу.
[10] Дог цӀена доцучу стеган дукха баланаш бу, ткъа Везачу Элах тешна Ӏаш волчунна Цуьнан хедар боцу безам хуьлу.
[11] Везачу Эло шайна динарг бахьанехь, самукъане хилалаш, Делан лаамехь дерш, даккхийделаш, дог цӀена дерш.