Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 0:59

[1] Дауда шен кӀантах Абушаламах ша ведда лелла хан дагайоуьйту назма.

[2] Веза Эла! Ма дебна сан мостагӀий! Дукхахберш суна дуьхьал гӀевттина.

[3] Цара сох лаьцна олу: «Делера кӀелхьарвалар хир дац цунна».

[4] Амма Ахьа, Веза Эла, турсо санна, со ларво. Хьо ду Сан дозалла, Ахь ойу сан сий!

[5] Ас доггах кхойкху Везачу Эле, Шен безачу лам тӀера Цо жоп ло суна.

[6] Со вуьжу, наб йо ас, гӀотту со, Везачу Эло со ларвойла а хууш.

[7] Сайна го бинчу эзарнаш мостагӀех кхералур вац со.

[8] ГӀаттахьа, Веза Эла! Ваккхахьа со кӀелхьара, сан Дела! Ахь сан мостагӀийн яххьаш йоха ма йо, зуламе гӀуллакхаш дечеран цергаш ма оту.

[9] Везачу Элера ду кӀелхьардовлар. Хьан халкъана тӀехь хуьлийла Хьан декъалдар.

Забур — Chapters